• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Матну абу шужаI: велларг верзор

Опубликовано: 12 июня 2014

Докъан ламаз дечу хенахь доьазза «АллахIу акбар» ала деза:

- Хьалхара акбар аьлча, «фатихьа» доьшур ду.

- ШолагIа акбар аьлча, Пайхамарна, АллахIера салват, салам хуьлда цунна, «салават» дуьллур ду.

- КхоалгIа акбар аьлча, веллачунна хIара доIа дийр ду:

«Я, АллахI! Хьан лай а, Хьан шина лен воI а ву-кх хIара, дуьненан паргIатонах а, шена дезачух а, ша везначарех а къаьстина, кошан бодане а, ша кечдиначуьнга а вирзина хIара. Тоьшалла деш вара хIара Хьо бен кхин Дела цахиларца, цхьа а накъост воцуш, цхьаъ Хьо хиларца, иштта (тоьшалла деш вара хIара) Мухьаммад Хьан лай а, Хьан элча а хиларнца а. Ткъа Хьуна и тхуначулла а  диках  хаьа. Я, АллахI! Хьуна тIе хьаша воьссина и, хьаша тIе вуссучарех уггаре а диканиг вар-кха Хьо. Хьан къинхетаме хьашт ву-кха иза, ткъа Хьо цунна Iазаб ца дала йиш ерг а вар-кха. Хьоьга деха даьхкина тхо, цунна шапаIат хиларе сатуьйсуш. Я, АллахI! Нагахь и диканхо хиллехь – диканашкахь сов ваккхахьа иза, нагахь иза вон хиллехь, гечдехьа кхунна. Хьайн къинхетамца, Хьуо реза хилар лохьа цунна, кошан питнеха а, цуьнан Iазапаха а хьалхаваккхахьа и, каш шордехьа цунна, агIонашкара латта гена а даккхахьа цунна. Хьайн къинхетамца Хьайн Iазабах кхерамзалла а лохьа цуунна, Айхьа цхьа а кхерам боцуш Хьайн Ялсамане кхачаваллалц, ХIай массарал а Къинхетамениг».

ДоьалгIа акбар аьлча, хIара доIа дийр ду: «Я, АллахI! Цуьнан йалах ма даха ахь тхо, (иманах а) ма дохаде Ахь тхо цул тIаьхьа, цунна а, тхуна а гечде Ахь».

ТIаккха салам лур ду. 

Цул тIаьхьа лахьтичу вуьллур ву велларг, къиблехьа а верзош. Корта хьалха а болуш, меллаша а озош кошан чуозор ву и. Ткъа и лахьтичу вуьллучо эр ду: «БисмиллахIи ва Iала миллати расулиллахIи!». Коша чохь охьа а вижош, дIанисвийра ву и. Каш стеган локкхаллин барамехь лекхий, шораллин бараехь шуьйрий кечдиначул тIаьхьа.

Кошан барз чIапа бийра бу, цунна тIехь цхьа а тайпа гIишло ян мегар дац, я хьаха а мегар дац и (я кир хьекха а мегар дац цунна тIе). 

Веллачунна велхарх хIума дац, тийжа а ца тийжаш, кучамийн ходанаш (чет) ца этIош вилхичхьана.

И дIавоьллинча тIера дIа кхаа дийнахь кадамаш бийра бу цуьнан гергарачаьрга. Ши адам цхьаьна коша а дуьллур дац, диллаз ца долуш хьашт хилахь бен.

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2021, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft