Цундела аьлла пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна):
«Кешнашка гIо, хIунда аьлча цо эхарт дагадоуьйтур ду шуна».
ЗихIартхочо ша кешнашка зихIарте ваханачу хенахь лардан дезаш суннат ду: кешнашкахь дIабоьхкиначаьрга салам далар, царна гечдар а, царех къинхетам бар а доьхуш доIа дар.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен асхьабашна доIа дан Iамош хилла, кешнашка бахча:
«Делера маршалла хуьлда шуна, АллахIах тешначарех а, бусалбанех а болу хIокху хIусамийн охIла. АллахIан лаамца, тхо а ду шух дIакхетар долуш. АллахIе доьху оха тхайна а, шуна а дика».
Кхечу хьадисехь ду:
«АллахIа къинхетам бойла вайл хьалха (хIокху хIусаме) кхелхиначарах а, тIаьхьа тIе кхелхана болучарах а».
Ша БакъиI кешнашка ваханачу хенахь олуш хилла цо:
«Я АллахI! Гечде Ахьа хIокху БакъиIул-гIаркъад охIланна».
Ткъа кешнашка зихIарте вахча лелон дезаш долу суннат иштта ду: цаьрга салам далар а, царна гечдар дехар а, царех къинхетам бар дехар а, царна дика дехар а. ХIара ду ШарIехь нийса долу кешнашка вахар. Амма уьш болчу кешнашка зихIарте вахар, цаьрга дехархьамма – АллахIе а ца доьхуш, я цаьргара гIо деха, я цаьргара орца деха, я церан дуьхьа нузар дар (чIагIо яр), ткъа иза - доккхачу ширках ду.
Я АллахI, ларде Ахьа тхо цуьнах! ЖехIалачу нехан хIума ду и – Абу ЖахIилан а, цуьнан накъостийн а. Цундела мегаш дац и, цул совнаха, доккха ширк а ду и. Иштта мегаш дац кешнийн кертахь ламаз дар а.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«ЛадогIа! Шул хьалха дIабаханачара шайн пайхамарийн а, дикачу нехан а кешнех маьждигаш дора (я Iибадатан меттигаш йора). ЛадогIа! Кешнех маьждигаш ма дойла аша (я Iибадатан меттигаш ма йойла аша). Боккъалаъ, аса доьхкуш (ца магош) ду шуна и».
Цо аьлла:
«АллахIан неIалт хуьлда жуьгташна а, керстанашна а – шайн пайхамарийн кешнаш маьждигаш диначу».
Кешнашкахь ламаз дан ца мега, царна тIехIоьттина Iибадат дан а ца мега, кешнашкахь болучаьрга деха а ца мега, уьш орцане беха а ца мега, царна нузар (чIагIо) ян а ца мега, лакхахь ма-дийццара.
Умму Хьабибатна а, Умму Саламатна а Эфиопехь килс а, оцу чохь долу суьрташ а гиначу хенахь, цаьршимма и дийцира пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Цо элира:
«Шайна юккъера цхьа дика стаг велча, цуьнан коша тIехь маьждиг дугIу цара, оцу чохь цуьнан суьрташ а дохку, ткъа АллахIана гергахь нахах уггаре вониш бу уьш».
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцина: уьш АллахIана гергахь халкъах уггаре вон нах хилар - цара кешнаш даздарна а, цара царна тIехь гIишлош йогIарна а, суьрташ дахкарна а, царна тIехь маьждигаш дарна а.
Цхьаболчу наха деш дерг: кешнашна тIехь маьждигаш дар, кешнашкахь Iибадатан меттигаш кечъяр, царна тIехь нартолаш, къуббанаш, гIишлош яр - и дерриге вон а, къилахь а хIума ду, ширкан некъах а ду.
Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьадисехь сецна ду: цо дихкина хилар кешнаш хьахар а, кешнашна тIе охьахийшар а, царна тIехь гIишлош йогIар а.
Бусалба нахана мегаш дац кешнашна тIехь маьждигаш дар а, цигахь Iибадат дан меттигаш кечъяр а, царна тIехь къуббанаш хIиттор а, царна тIехь уьш йоцу а муьлхха а кхин гIишло йогIар а.
Мелхо а кешнаш латта дезаш ду гIалин а, юьртан а йисттехь, ерзиначу арахь - зихIартхо тIе а вогIуш, цаьрга салам дала а, царна доIа дан а, цул тIаьхьа дIа а воьдуш. Уьш долучу кертахь я царна тIевирзина а, я царна юккъехь а ламаз дан ца мега. Цигарачу латтанах беркатана бохуш, хьекхавала а ца мега. КъурIан деша а, доIанаш дан а бохуш, цигахь хийшина Iан а ца оьшу. И дагара динарш дерриге мегаш дац.
Дан дезарг: цаьрга салам далар, царна доIа дар, цул тIаьхьа дIавахар ду. Пайхамара (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ма-дарра. Цуьнан асхьабаша а (АллахI реза хуьлда царна) ма-дарра. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) царна и Iама ма-дарра.
Кешнашкахь ламазаш дар – бидIатех ду, иштта ширкан некъах а ду.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Шайн ламаз шайн цIахь дойла аша, кешнашкахь ма дойла аша и».
Оцу хьадисо гойту: кешнашкахь ламаз деш цахилар, царна тIевирзина ламаз деш цахилар, царна гергахь ламаз деш цахилар. Ламаз маьждигашкахь а, цIахь а деш ду, амма кешнашкахь дан мегаш дац - цигахь ламаз дар ширкан некъах а, царна Iибадат дарна тIедуьгучу некъах а долун дела.
Цуьнах терра ду царна тIехь гIишлош яр, иштта ду царна тIехь маьждигаш дар, иштта ду царна тIехь къуббанаш яр, цигахь палсаш-меттанаш даржор, царна духIи деттар. И дагардина дерриге ширкан некъах ду.
Кхетаме волучу стагана там болуш дац жехIалачу наха лелочу оцу хIуманех Iехавалар. Дуккхаъчу мехкашкахь долуш а ду и: кешнаш даздо цара, царна тIехь маьждигаш а, къуббанаш а хIиттайо цара. Даккхийрачу хьарамлонех ду и, ширкан некъах а ду и, Iилма долучарна и хууш ма-хиллара.
Ткъа сан весет а, сан хьехар хIара хаттар деллачуьнга - оцу дагардиначарех ларло алар ду. Нагахь кешнашка зихIарте водахь, ШарIехь магош ма-хиллара вахар: цаьрга салам а луш, царна доIа а деш, нагахь уьш бусалбанех белахь, тIакха дIа а воьдуш.
Амма кешнашна тIехь диначу маьждига чохь ламаз дар, я кешнашна юккъехь - иза къилахь хIума ду. Иштта эццахь доIанаш даран дуьхьа а, КъурIан дешаран дуьхьа а хиъна Iар – иза а мегаш дац. Цаьрга кхайкхар, уьш орцанна бехар, царна нузар дар, цаьргара гIо лехар, жехIалачу наха ма-дарра – ткъа и доккха ширк ду. Къаьсттина чIогIа цуьнах лардалар важиб хилла тIедоьжна ду.
Дуккхаъчу нахехь жехIалалла ю лакхахь дийциначу хаттарийн хьокъехь, цундела цара а леладо юкъарачу наха кешнашкахь лелош шайна гиннарг, цигахь лелон дезаш долу ШарIан хьукманаш а, бакъенаш а ца евзаш.
Цундела массо махкахь болучу Iеламнахана тIехь декхар ду: нахана Iамор, нах шайн пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) суннате нисбар, ширках а, бидIатах а ларбала безаш хилар дIахьедар. Иза – Iеламнахана тIехь важиб дерг ду массо меттехь а.
Делахь а, Iеламнах кIезиг хилар бахьана долуш а, нийсо йовзаран охIла кIезиг хилар бахьана долуш а совдевлла хIара вониш дуккхаъчу мехкашкахь. Цундела уьш дин а, ШарIо магийна хIуманаш а ду моьттина царна. ТIаккха уьш лелоре сихо еш хьийза уьш - шаьш нийсонна тIехь бу моьттуш а, бакъонна тIехь бу моьттуш а. Ма-дарра аьлча-м, боккха бала бу и, оцу хьокъехь тидаме хилар декхар а долуш.
Массо бусалба стагана тIехь ду - шен шеко йолуш дерг хаттар. Шен дайша а, шел хьалха хиллачара а лелош хилларг довзарехь, цунна тIекхиарехь кIадо ца яр а, тесна ца дитар а ду декхар, цара лелийнера аьлла ца Iаш. Хаттар тIехь ду цунна, хIунда аьлча керста нехан Iадат хилла шайл а хьалха дIабаханачара лелийначунна тIаьхьабозуш, тIетовжа бух а боцуш. Цара олуш хилла, АллахIа дийцина ма-хиллара:
«Боккъалаъ, тхайн дай карийна тхуна хIокху новкъахь, ткъа тхо нийсса церан лорах доьлхуш ду» («аз-Зухруф»: 23).
Оцу тIехь керста нахана тIехьадаза бакъо яц. Массо бусалба стагана тIехь ду Iилманан охIлане хаттар – шайн махкахь уьш белахь, бацахь - уьш болучу махка хаттарийн кехат дахьийтар: шен динах долучу хIуманах шен шеко ерг цаьрга хатта а, лелориг бух болуш хилийта а. ХIунда аьлча Лекхачу АллахIа боху:
«Дагадаийтар охIлане (Iеламнахе) хатта, нагахь шайна ца хаахь» («ан-Нахьл»: 43).
Ислам динан охIланна тIехь важиб ду: нагахь шайгахь Iилма дацахь – хаттар. Шегахь Iилма доцуш долучу хIора адамна тIехь ду хаттар шена шеко йолуш дерг – кешнийн хьокъехь, шен ламазан хьокъехь, закатан хьокъехь, мархин хьокъехь, махлелоран хьокъехь, юкъаметтигаш лелоран хьокъехь, массо хIуманехь а.
Iабдул-Iазиз IабдуллахI ибн Баз