Бусалба стаг шен дегI лардан декхарийлахь ву – АллахI хьехорца, И тергамехь латторца, Цуьнан сийлахь долу КъурIан дешарца, чIоггIа И къинтIера валаре а, Цо гечдаре а сатийсарца – шен дагна тIе (Цуьнан къинхетамах) догдиллар ца кхачийтархьамма. Цо деш долу къинош бух ца лору, цуьнан ламаз, марха, закат, кхидолу Iибадаташ а доьхна хиларна.
Цхьайолчу хенахь адамехь цхьанакхета иман а, дика Iамалш а, АллахIа хьарам динарг а деш – уьш АллахIаца накъост нисвар, кхидолу бусалбаналлех вохош долу хIуманаш а ца хилчахьанна.
Лекхачу АллахIе доьху вай: тхайна а, хьуна а динехь кхетам балар, оцу тIехь чIагIалла а ялар.
ГIо дийриг - АллахI ву. ГIодар - АллахIехь ду.
АллахIан къинхетам а, маршо а хуьлда вайн пайхамарна Мухьаммадана, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна а!
Iилманан талламашна а, фатва даларна а кхоьллина, хаддаза болх дIахьуш йолу Iеламнехан комитет:
Iабдул-Iазиз бин IабдуллахI бин Баз - комитетан куьйгалхо,
Iабдул-Iазиз Iафифи - комитетан куьйгалхочуьнан меттаниг,
IабдуллахI бин КъаIуд - комитетан декъашхо.
Гочдинарг – Турпалан кIант Фарукъ