Теман
парзаш диъ ду:
1. Нигат
дар.
2. Юьхь
тIе хьакхар.
3. Голашна
а хьокхуш, шина а пхьаьрсах хьакхар.
4. РагI
ларъяр.
Тема
даран суннаташ кхоъ ду:
1. Юьххьехь
бисмал даккхар.
2. Аьтту
агIонан меженаш аьрручу агIонан меженашла а хьалха яхар.
3. Хаддаз
дина даккхар.
Тема
дохориг кхо хIума ду:
1. Ламаз
карара доккхучу бахьанаша а дохадо.
2. Хи хилар
гучадаларо а. (Я, хи кардаро а).
3. Динах
валаро а. (Я, делах валаро а).
Тоьхна зоьпарш
долучо, (ламаз оьцучу хенахь) царна тIе масхьа а дина, тIаккха тема а дина, шен
ламаз дийра ду. Ткъа и ламаз юха дан а ца деза цо, – нагахь (зоьпарш) ламаз
карахь долуш тIедехкина хиллехь. (Зоьпарш долучо) хIор парза ламазна а дан деза
тема. Амма цкъа диначу теманца, суннат ламазаш-м, мел дукху а дан йиш йолуш ву
и.