86-гIа сурат
«ат-ТIарикъ» («Буьйсанан некъахо»)
(Маккахь доссийна,
вуьрхIитта аят ду)
Къинхетамечу, Къинхетам
бечу АллахIан цIарца!
1. Аса дуй буу
стигланах а, буьйсанан некъахочух а!
2. Мичара хиъна
хьуна [хIай, Мухьаммад] - «буьйсанан некъахо» бохург хIун ду?
3. Иза - нур лепа седа
бу.
4. Цхьа а са дац -
шена тIехь ха доцуш.
5. Хьожийла адам - ша
стенах кхоьллина ду.
6. Иза кхоьллина
охьаоьхучу кочаллех,
7. Букъдуьхана а,
некхан даьIахкашна а юккъера араюьйлучу.
8. Боккъалаъ, И -
ницкъ кхочуш ву иза юхакхолла а.
9. Оцу дийнахь
йостур (Iорайохур) ю къайленаш.
10. Амма оцу хенахь
ницкъ хир бац цуьнгахь, я накъост а хир вац цунна.
11. Аса дуй буу догIа дуттучу стигланах!
12. Аса дуй буу дIасаэтIачу
лаьттанах а!
13. Боккъалаъ, И [КъурIан]
– къастам бен дош ду,
14. Бегаш бац И.
15. Бакъдолуш,
мекарлонаш лелон ойланаш йо цара [керстанаша].
16. Аса а йо Сайн
мекарло.
17. Хан ло ахьа керстанашна,
цхьажимма Iадда бита ахьа уьш!
_______________
1. Аса дуй буу
стигланах а, буьйсанан некъахочух а!
2. Мичара хиъна
хьуна [хIай, Мухьаммад] - «буьйсанан некъахо» бохург хIун ду?
3. Иза - нур лепа седа
бу.
Сийлахь-Везачу
АллахIа боху: «Аса дуй буу стигланах а, буьйсанан некъахочух а!». Цул тIаьхьа
«буьйсанан некъахо» бохучунна кхетам ло Цо хIокху Шен дашехь: «Иза –
нуьре лепаш болу седа бу». Вуьшта аьлча: кхузахь буьйцург – къегаш болу
седа бу, шен нур, стигланаш а йоькъуш, царна юккъешхула чеккхдуьйлуш болу,
лаьттара дIа а цхьаьна ган а гуш. Уггаре нийса дерг - иза юкъара цIердош хилар
ду. Цундела оцу юккъе кхиндолу дерриге а къегаш долу седарчий а догIу. Делахь
а, цхьаболучу тидархоша аьлла: цигахь буьйцург – Салкха, Сата олу седа бу
(планета Сатурн), шен серло, ерриге ворхI стигланах чекх а йолий, лаьттара дIахьаьжча
а ган а гуш хуьлуш болу. «Буьйсанан некъахо» аьлла цунна цIе тиллина - цуьнан
лелар буса стигалахь гуш хуьлун дела.
4. Цхьа а са дац -
шена тIехь ха доцуш.
Лакхахь хьахийна
долучу дуйнаша тIечIагIдо: хIора стагана уллохь гIаролаш хилар - цхьа а цо дина
я дика гIуллакх, я вон гIуллакх къайла ца дохуьйтуш, массо хIума а лардеш. ХIора
стагана а, малекаша тешаме Iалашдеш долучу - цо мел диначунна дуьхьал хьакъ
болу бекхам бийр бу.
5. Хьожийла адам - ша
стенах кхоьллина ду.
6. Иза кхоьллина
охьаоьхучу кочаллех,
7. Букъдуьхана а,
некхан даьIахкашна а юккъера араюьйлучу.
«Хьожийла адам - ша
стенах кхоьллина ду».
Вуьшта аьлча: ойла йойла цо шен кхолларан а, ша стенах схьадаьлла ду а. Ткъа иза
кхоьллина «охьаоьхучу кочаллех». Вуьшта аьлча: ораллех, «букъдуьхана
а, некхан даьIахкашна а юккъера арайуьйлучу». Буьйцург - стеган букъ а,
зудчун накха а бу аьлла, туьдуш цхьа агIо ю. Оцу аяташкахь дуьйцург -
охьадуттучу хIуьнах лаьцна хила мегаш ду аьлла, туьдуш кхин агIо а ю. Вуьшта
аьлча: стеган ораллех, букъан а, некхан а юккъерачу меттера арайолуш йолучу. И
агIо чIогIа хила герга ду, хIунда аьлча оцу аятехь дуьйцург - шен охьаIанар хаа
а луш, ган а гуш долу хи ду, ткъа ишттаниг - стеган оралла бен хуьлийла дац. Иштта
оцу тIе Iаьрбойн «тараиб» («накха») боху дош - цхьана стеган некхан хьокъехь
бен лелош дац. Iаьрбоша стеган «тараиб» («накха») олуш йолу меттиг - зудчун
шина некхан метта лоруш ю, ткъа зудчун некхах «садй» олу. Оцу тIедоьгIна, оцу
аятехь буьйцург зудчун накха белахьара - цигахь стеган букъера а, зудчун «садй»
некхара а аьлла, эра дара. Ткъа цуьнах дерг доллучул дика АллахIана хаьа!
8. Боккъалаъ, И -
ницкъ кхочуш ву иза юхакхолла а.
Сел халачу меттера
охьаIеначу тIуналлех адам кхолла ницкъ кхаьчна верг - эхартахь иза юха денда а,
къематдийнахь хьакъ болу бекхам бан юха гIатто а ницкъ кхочуш ву.
Кхеча тапсире
хьаьжжина аьлча, оцу дешанийн маьIна: АллахI ницкъ кхочуш ву бохург ду -
йоьттина йолу кочалла ша схьаяьллачу букъе юхаерзо а. Боккъалаъ, иштта маьIна
нийса делахь а, ткъа вай дийцаре диллиначу аятийн бакъ долу маьIна оцу хьокъехь
дац. Цундела АллахIа кхиндIа аьлла:
9. Оцу дийнахь
йостур (Iорайохур) ю къайленаш.
10. Амма оцу хенахь
ницкъ хир бац цуьнгахь, я накъост а хир вац цунна.
Вуьшта аьлча: оцу
дийнахь Iорайохур ю накхошкахь хьулйина хилла йолу къайленаш, адамийн
дегнашкахь мел долу дика а, вон а нехан яххьаш тIехь гучадер ду, Сийлахь-Везачо
ма-аллара:
«Оцу дийнахь
цхьайолу яххьаш кIайлур ю, ткъа кхиерш Iаржлур ю» («Али Iимран»: 106).
ХIокху дуьненахь
дуккха а хIуманаш къайладоьлху, нехан бIаьргашна ган а ца гуш, хьуламехь дуьссу.
Ва амма къематдийнахь гучуевр ю: дикачеран бакъахьаралла а, Iесачеран волла а,
массо хьуламе мел динарг а, къайлаха мел динарг а массарна а гуш хир ду. ХIан,
хIетахь къинош летийначеран ницкъ хир бац - (оцу къиношна) шаьш бехказа баха а,
я уьш кIелхьара баха, бехказа баха цхьа-цхьаъ гIоьнча а вац царна хир волуш.
ДIадаханачу
аяташкахь АллахIа дуй биъна - гIуллакхаш деш а, царна дуьхьал хьакъ болу бекхам
хир болуш а долучу адамах. Цул тIаьхьа АллахIа шолгIа а чIагIо йина - КъурIан
бакъхиларан хьокъехь. Цо аьлла:
11. Аса дуй буу догIа дуттучу стигланах!
12. Аса дуй буу дIасаэтIачу
лаьттанах а!
ХIора шарахь юх-юха
а догIа дутту стиглано, ткъа ораматаш довлийта латта а декъало. Церан гIоьнца
деха адамаш а, дийнаташ а. Иштта стигланашкахь, АллахIан къадрашкахь а хуьлу
хийцамаш. ХIора бIаьрган негIар тухучу юккъехь Делан керла омранаш догIу.
Кхиндолучу дерригенал сов - къематдийнахь латта а деллалур ду беллачарна тIера.
13. Боккъалаъ, И [КъурIан]
– къастам бен дош ду,
14. Бегаш бац И.
Сийлахь КъурIан –
нийсо ю, бакъо ю, кхетам бу, ладаме ду и, забар я бегаш бац и. Нахана а, церан
кхетамашна а юккъехь къастаме цIоналла ялайо цо, муьлхха а къийсамаш цхьалха боху
цо.
15. Бакъдолуш,
мекарлонаш лелон ойланаш йо цара [керстанаша].
16. Аса а йо Сайн
мекарло.
17. Хан ло ахьа керстанашна,
цхьажимма Iадда бита ахьа уьш!
Мухьаммад элчанах а
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), КъурIанах а цатешаш берш
мекарлонаш ян гIерта - оцу шайн мекарлонашца дуьнен тIера бакъо дIаяккха а,
харцонехьа гIо даккха а, массанхьа и дIаяржо а. АллахIа а кечйина мекарлонаш -
керстанаш эргIадбахаре ца хьоьжуш, къеггина бакъо гучуяккха а, харцо эшо а,
цара мел кхуллуш йолу харцо юхатоха а. Цуьнах билгал ду оцу къийсамехь толам
хьамма боккхур бу: адам дукха пайда боцуш а, гIийла а ду дерриге хууш а,
доллучунна ницкъ кхочуш а волучу АллахIана хIилла дан гIерта. ХIан, «Хан ло
ахьа керстанашна, цхьажиммма Iадда бита ахьа уьш». Цундела шайна тIе Делан Iазап
дуссучу хенахь хуур ду керстанашна - шайн зуламийн тIаьхье муха хуьлу.
::: Сийлахьчу КъурIанан маьIна а, цуьнан тидар а ::: | |||
87-гIа сурат «ал-АIла» («Сийлахь-Везаниг») (Маккахь доссийна, ткъесна аят ду) Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца! 1. Хастае Сийлахь-Везачу хьайн Делан цIе - 2. Массо хIума кхолла а кхоьллина, хIоранна а догIург делла волучу, 3. (Массо хIуманан) кхоллам билгал а бина, хIоранна а (нийса) некъ гайтина волучу, 4. (Шун даьхнешна) дежийла кхиийна волучу, 5. Цул тIаьхьа царех Iаьржа нехаш (яраш) йина волучу! 6. Оха доьшуьйтур ду хьоьга (хIай Мухьаммад, КъурIан), ткъа хьуна оцу тIера хIуммаъ дицлур дац, 7. АллахIана лиъна доцург. Боккъалаъ, хууш ву И - гушдерг а, къайлахдерг а. 8. Аттаха долучуьнга некъ байбийр бу Оха хьуна. 9. Хьехам бе ахьа нахана, нагахь хьехам баро беш пайда белахь. 10. Схьаоьцур бу иза (АллахIах) кхоьручо, 11. Ткъа цуьнах дIавоьрзур ву уггаре а декъазаниг, 12. ТIехйоккхачу цIерга гIон верг. 13. Лийр а вац иза оцу чохь я вехар а вац. 14. Декъала хилла цIанвелларг, 15. Шен Делан цIе а яьккхина, ламаз динарг. 16. ХIетте а, дуьненахь долу дахар гIолехь хетта шуна, 17. ТIаьххьара (эхартара) дахар доллушехь - тоьлуш а, деха а. 18. Боккъалаъ, хIара дIаяздина ду ширачу хьарчорашкахь - 19. ИбраьхIиман а, Мусан а хьарчорашкахь. ____________________ 1. Хастае Сийлахь-Везачу хьайн Делан цIе - 2. Массо хIума кхолла а кхоьллина, хIоранна а догIург делла волучу, Сийлахь-Везачо омра дина: Шена тасбихь де, Iибадат де аьлла, Ша хьахаве аьлла, Шен сийлаллина хьалха муьтIахь хила, воккхаллина хьалха эсала хила аьлла. Цуьнан цIе яккхар (Цунна тасбихь дар) Сийлахь-Везачу АллахIан сийлахьаллица догIуш хила а деза: Цуьнан айъаме хаза цIераш яхарца, хIора цIарехь долучу сийлахьчу а, доккхачу а маьIнех кхета а кхеташ. Иштта уьш дагадаийта дезаш а, хьахо дезаш а бу Делан белхаш а, царех цхьаъ - сел кхачамечу а, исбаьхьачу а куьцехь хIара дуьне кхоллар ду. 3. Массо хIуманан кхоллам билгал а бина, хIоранна а (нийса) некъ гайтина волучу, Кхузахь дуьйцург - массарна а юкъара долу АллахIан куьйгалла ду, цуьнан юкъараллица Цо берриге кхолламашна пайда бохьун болу некъ гайтина долу. Дуьненан диканаш делла Цо царна. ХIора кхоллам шена маслаIате долучу новкъа дIа а нисбина Цо. 4. (Шун даьхнешна) дежийла кхиийна волучу, 5. Цул тIаьхьа царех Iаьржа нехаш (яраш) йина волучу! Цо дагадоуьйту Ша царна делла долу дуьненан диканаш. Цундела аьлла Цо: «(Шун даьхнешна) дежийла кхиийна волучу». Вуьшта аьлча: стиглара хи доуьйту Цо, цуьнца кхиайо Цо дуккха а ораматаш а, бецаш а, шайх адамаша пайда оьцуш йолу, даьхнеша (хьайбанаша) зовкх хьоьгуш йолу, иштта дерриге а бухадиссиначу дийнаташа а. Цул тIаьхьа АллахIан йозанца ораматаш а, бецаш а кхоччуш кхуьий дIахIуьтту, тIаккха, Iарж а лой, якъа а лой, Iаьржа нехаш хуьлу царех. Цул тIаьхьа АллахIа дагадоуьйту Ша адамашна делла долу динан диканаш, царех коьртаниг а, шайн бух а Дала даздина даийтина КъурIан долу. 6. Оха доьшуьйтур ду хьоьга (хIай Мухьаммад, КъурIан), ткъа хьуна оцу тIера хIуммаъ дицлур дац, 7. АллахIана лиъна доцург. Боккъалаъ, хууш ву И - гушдерг а, къайлахдерг а. ХIай, Мухьаммад! Кхоийла хила хьо боккхачу хаамна! Жайнахь Оха хьоьга биссийна берриге а хаамаш - Оха хьан дагчохь ларбийр болуш а, гулбийр болуш а бу хьуна: цундела цуьнах цхьа а хIума дицлур долуш дац хьуна. АллахIа Шен элчане Мухьаммаде (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) баьккхина боккха кхаъ бу хIара - АллахIа цунна цкъа а дицлур доцуш Iилма Iамор долуш хилар хоуьйтуш. Нагахь хьан тIехъхьикматечу Дала сацам бахь, хьоьга боссийначу хаамех цхьаберг массеран а юкъарачу диканна а, тIехбоккхачу пайденна а хьуна бицбан безаш, - ткъа иза а хир долуш ду. «Боккъалаъ, хууш ву И - гушдерг а, къайлахдерг а». Боккъалаъ, хьан Далла хууш ду Шен лайшна пайда мел бохьун дерг: цундела Цо тIедуьллу Шена лууш дерг, кхиэл а йо Шена лууш йолу. 8. Аттаха долучуьнга некъ байбийр бу Оха хьуна. Иза а бу кхин цхьаъ хаза кхаъ: АллахIа Шен элчанна массо а гIуллакхаш дайдийр долуш ду, цуьнан ШарI а, дин а ду атта дийр долуш. 9. Хьехам бе ахьа нахана, нагахь хьехам баро беш пайда белахь. АллахIан ШарI а, Цуьнан аяташ а хьеха нахана, «нагахь хьехам баро беш пайда белахь». Вуьшта аьлча: хьехам къобалбеш мел бу, хьехам хезаш мел бу - хьехам бе, хьехам барехь дагалаьцнарг дерриге кхочуш хуьлуш дацахь а, цхьадерг бен. Оцу аятан кхетам иштта бу: нагахь хьехам баро беш пайда бацахь, хьехам мел би а вониг сов долуш а, диканиг оьшуш а делахь - оцу хьолехь хьехам бар тIедиллина дац, цул сов дихкина а ду иза бар. 10. Схьаоьцур бу иза (АллахIах) кхоьручо, 11. Ткъа цуьнах дIавоьрзур ву уггаре а декъазаниг, 12. ТIехйоккхачу цIерга гIон верг. Нах шина декъе бекъалуш бу: шайна биначу хьехамах пайда оьцучаьрга а, цуьнах пайда цаоьцучаьрга а. Шайна биначу хьехамах пайда оьцуш берш АллахIа Шен Дашехь хьахийна бу: «Схьаоьцур бу иза (АллахIах) кхоьручо» аьлла. ХIунда аьлча Сийлахь-Везачу АллахIах кхераро а, йиначу Iамалшна дуьхьал хин йолучу йолах дерг хааро а лай гена воккху Далла мел ца дезна долучух, диканаш дарна тIегIертарехь сутар а во иза. Ткъа шайна биначу хьехамах пайда ца оьцуш берш иштта хьахийна Цо Шен къамелехь: «Ткъа цуьнах дIавоьрзур ву уггаре а декъазаниг, тIехйоккхачу цIерга гIон верг». Вуьшта аьлча: алу туьйсучу цIергахь хир ю церан меттиг, нехан дегнех хьерчаш, хIаллакдеш йолучу. 13. Лийр а вац иза оцу чохь я вехар а вац. Балане, лазош долу Iазап хир ду цунна цигахь: я паргIато а гур яц цунна я садаIар а хир дац цуьнан. ТIаьххьара а шайна Iожалла лоьхур ю цара, шаьш лойла луур ду царна, амма иза а ма дац царна гур долуш. 14. Декъала хилла цIанвелларг, 15. Шен Делан цIе а яьккхина, ламаз динарг. Декъала хилла, толаме кхаьчна - шен са цIандинарг: ширках а, зуламах а, харцонех а, телхиначу амалех а, иштта кест-кеста АллахI хьехийнарг а, Цуьнца шен дог хаздинарг а. АллахI резавеш дерг дина цо, хьалхарачу тIегIанехь иманан бустам ша болу ламаз а дина цо. Иза ду и оцу (сийлахьчу) аятан бакъ долу маьIна. Кхечара кхеточух дерг аьлча, оцу аятехь «цIанвелларг» бохучух лууш дерг - марханаш достучу хенахь бусалба наха цIанбала луш долу сахь а, иштта Iийда-ламаз а ду иза. Оцу кепара тидар оцу аятан къамелаца догIуш делахь а, тIеэца мегар долуш делахь а, делахь а, цуьнан дуьззина маьIна гойтуш дац и. 16. ХIетте а, дуьненахь долу дахар гIолехь хетта шуна, 17. ТIаьххьара (эхартара) дахар доллушехь - тоьлуш а, деха а. Кхузара (дуьненан) дахар эхартарачу дахарал а лакха хIоттадо аша. Оцу тIе, дIаьвше, синтем боцу, дIадер долу дуьне хуьйцу аша даима а лаьтта долучу эхартан дахарах. Дуьненан дахарал массо дикаллашкахь а тIехдика ду иза, абаделлац лаьттар долуш а ду иза. Ткъа кхузара дуьне, шеко йоцуш, доьхна, дайна, пана хилла дIадер долуш ду. Кхетамечу муъма стага цкъа а вониг хоржур дац - тIеххазачунна букъ а тоьхна, я абаделлац бала хьегар а хуьйцур дац - йоццачу ханна хуьлучу томах. Цундела массо а бохамийн бахьана - дуьне дезар а, абаделлац лаьтта долучу Iаламал а иза гIолехь хетар а ду. 18. Боккъалаъ, хIара (дешнаш) дIаяздина ду ширачу хьарчорашкахь (йозанашкахь) - 19. ИбраьхIиман а, Мусан а хьарчорашкахь. ХIокху беркатечу суратехь хьехийна долу тIеххаза омранаш а, тамехь дийцарш а Мухьаммадал а тIаьхьа уггаре а сийлахь хилла волучу шина элчанан - ИбрахIиман а, Мусан а - хьарчорашкахь (йозанашкахь) дIаяздина ду (АллахIера салават а, салам а хуьлда царна массарна а). И хьехамаш, массо а пайхамарийн шарIашкахь биссийна хилла бу: хIунда аьлча шина а дахарехь декъал хиларах лаьцна ма буй уьш, иштта муьлхха а заманахь а, муьлхха а меттигехь а пайданаш а ма бай уьш. Хастам бу АллахIана! | |||
92-гIа дакъа
Эсала, синтеме хиларан хьокъехь а, дикаллех лаьцна а дуьйцу дакъа
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Къинхетамечуьнан лайш - лаьтта тIехь синтеме лелаш берш бу. ЖехIала (нах) шайца къамеле бевлча, цара олу: «Машар!»» («ал-Фуркъан», 63).
703. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) велакъажара. Ва амма цкъа а гина ма вац суна иза - сел тIилдиг[1] а цхьаьна гучу а йолуш, йоккха бага а гIаттийна воьлуш» (ал-Бухари: 2428, Муслим: 899).
97-гIа дакъа
Диканиг дехар а[1], дагадовлар а
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«…Дага а вала царех гIуллакхах лаций» («Али-Iимран», 159).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«…(Шайн) гIуллакхаш цхьалха доху цара, вовшех дага а буьйлуш» («аш-Шура», 38).
718. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) КъурIан тIера сурат (Iамош) санна массо а гIуллакхехь истихарат дар (диканиг дехар) Iамийра тхуна. Цо олура: «Шух муьлххачу а цхьанна цхьа хIума дан лиъначу хенахь - тIедеш долу ши ракаIат (суннат ламаз) а дай, цул тIаьхьа олуьйла: «Я АллахI! Боккъалаъ, Хьайн хаарца гIодар доьху аса Хьоьга сайна! Хьайн ницкъаца со чIагIвар а доьху аса Хьоьга! Хьан сийлахь-боккха къинхетам а боьху аса Хьоьга! Боккъалаъ, Хьо ву ницкъ кхочуш верг - со вац ницкъ кхочуш! Хьо ву хууш верг - со вац хууш! Хьо ву (нахах) къайладинарш хууш верг! Я АллахI! Нагахь Хьайн хаарехь, хIара гIуллакх (суна) хайрана делахь сан динна а, сан дахарна а, сан гIуллакхийн тIаьхьалонна а (я иштта элира цо: хIокху дахарна а, эхартанна а) - суна догIа Ахьа и гIуллакх, атта а де Ахьа суна иза, тIаккха беркат а де Ахьа суна цуьнгахь. Нагахь Хьайн хаарехь хIара гIуллакх вон хир долуш делахь (суна) сан динна а, сан дахарна а, сан гIуллакхийн тIаьхьенна а (я иштта элира цо: хIокху дахарна а, эхартанна а) - соьх юхатоха Ахьа иза, со а вухатоха Ахьа цуьнах. Диканиг а догIа Ахьа суна, и миччахьа делахь а! Цул тIаьхьа цунна реза а ве Ахьа со!» («АллахIумма, инни астахирука биIилмика, ва астакъдирука бикъудратик ва асъалука мин фадликал Iазим, фа иннака такъдиру вала акъдиру, ва таIламу вала аIламу, ва анта Iалламул гIуйуб! АллахIумма, инкунта таIламу анна хIазал амра хайрун ли фи дини, ва маIаши ва Iакъибати амри (ав къола: Iажили амри ва ажилихIи), факъдурхIу ли, ва инкунта таIламу анна хIазал амра шаррун ли фи дини, ва маIаши ва Iакъибати амри (ав къола: Iажили амри ва ажилихIи), фасрифхIу Iанни, васрифни IанхIу, вакъдур лилхайра хьайсу кана, сумма раддини бихI!»). Цул тIаьхьа шена лууш дерг ала (деза стага)» (Бухари: 1162).
[1] «Истихарат» бохучуьнан маьIна - диканиг дехар ду, ткъа кхузахь цуьнах лууш дерг – истихарат-ламаз а, оцу ламазехь деш долу доIа а ду.
100-гIа дакъа
(ХIума юуш) юьххьехь «АллахIан цIарца» («БисмиллахI») алар, чаккхенгахь (АллахIана) хастам бар
728. Iумар бин Абу Саламата (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега элира аьлла: «ХIай, кIант! «АллахIан цIарца» («БисмиллахI») ала, аьтту куьйга а яа, хьайна хьалха а кховда» (Бухари: 5376, Муслим: 2022).
729. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIума юучу хенахь шух хIораммо а Сийлахь-Везачу АллахIан цIе йоккхийла, нагахь (хIума) яа йолочу юьххьехь Сийлахь-Везачу АллахIан цIе яккха иза вицвеллехь - цо олийла: «АллахIан цIарца юьххьехь а, чаккхенгахь а» (хIара хьадис далийна Абу Дауда: 3767, Тирмизис: 1859, цаьршимма аьлла «хьасан, сахьихь» даржехь хьадис ду хIара).
730. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Стага шен хIусаме чу вогIуш а, ша хIума юуш а Сийлахь-Веза АллахI хьахавахь, шайтIано (шен накъосташка) олу: «Буьйса йоккхийла а яц шуна (кхузахь), я пхьор а дац шуна». Ша чу волуш Сийлахь-Веза АллахI а ца хьахош (хIусамна) чу ваханехь, шайтIано олу: «Буьйса йоккхийла хили шуна». Ткъа цо ша хIума юуучу хенахь а ца хьахавахь Сийлахь-Веза АллахI, шайтIано олу: «Буьйса йоккхийла а, пхьор а хили шуна»» («Муслим»: 20I8).
731. Хьузайфас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Тхайн АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна хIума яар нисделча, оха цкъа а цхьана а хIуманна тIе тхешан куьг ца хьора - АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIума яа волаваллалц а, цо цхьа хIума схьаэццалц а. Цкъа тхо цуьнца хIума яа цхьаьнакхетта а долуш, (сел) тIелаьллича санна (сихъелла), цхьа йоI тIееара. (Оцу сохьта шуьнарчу) яахIуманна тIе шен куьг даьхьира цо. Амма АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) катоьхна схьалецира цуьнан куьг. ТIаккха цхьа акха Iаьрбо веара - иза а, (иштта) сихвина, цхьамма тIелоьллуш санна. Иза а, (иштта) катоьхна куьг лаьцна саца а вина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Боккъалаъ, Веза-Сийлахьчу АллахIан цIе яккханза йолу яахIума шайтIано шена магийна лору. Иза дара и йоI кхуза ялийнарг а - цуьнгахула шена кхача магоран дуьхьа. Амма аса катоьхна схьалецира цуьнан куьг. Цул тIаьхьа хIара акха Iаьрбо валийра цо кхуза - цуьнгахула а шена кхача магоран дуьхьа. Амма аса катоьхна схьалецира цуьнан куьг а. Аса дуй ма буу сайн са Шен карахь долучух: боккъалаъ, (шайтIанан) куьг сан карахь ма дара - аса катоьхна цаьршиннан куьйгаш схьалаьцначу хенахь!». Цул тIаьхьа (пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) Сийлахь-Везачу АллахIан цIе а яьккхина, хIума яа волавелира» (Муслим: 20I7).
732. Умайй бин Махший асхьаба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа уллохь хиина Iаш АллахIан элча а волуш (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), хIума юуш вара цхьа стаг. Оцу ша юуучух цхьа юьхк йиссалц АллахIан цIе ца яьккхира цо. И (юьхк шен) бага хьучу хенахь (оцу стага) элира: «АллахIан цIарца цуьнан юьххьехь а, чаккхенгахь а!» («БисмиллахIи аввалахIу ва ахирахIу!»). ТIаккха, вела а къежна, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «(И хIума яа волавелчхьана дуьйна) хаддаза цуьнца хIума йиира шайтIано, ткъа цо АллахIан цIе яьккхиначу хенахь - шен гайна чохь мел ерг охьаIеттийра цо»» (Абу Давуд: 3728, Насаи).
733. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен ялх асхьабаца цхьа хIума юууш волучу хенахь, веана цхьана акхачу Iаьрбочо, ши юьхк (схьа а эцна, ша ерриге) дIайиина велира иза. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Боккъалаъ, цо АллахIан цIе яьккхина хиллехьара, шуна (массарна а) тоьар ма яра (и яахIума)»» (Тирмизи: 1850, цо аьлла «хьасан, сахьихь» даржехь хьадис ду хIара).
734. Абу Умамас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «ХIума йиъна ваьлча, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олура: «Хастам бу АллахIана – дуккха а хилла болу, дика хилла болу, беркате хилла (болу), (цкъа а) кхачаме хин боцу, юкъахбаккха безаш боцу, и ца хилча вайн йиш йоцуш болу! (Иза -) вайн Дела ву!» («Алхьамду лиллахI, хьамдан касиран, мубаракан фихI, гIойра макфиййин, вала муваддаIин, вала мустагIнан IанхIу, роббуна!») (5458).
735. МуIаз бин Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIума йиъна ваьлча аьллачунна: «Хастам бу АллахIана - суна хIара яийна волучу, хIара сан рицкъа дина волучу, сан нуьцкъах а я гIорах а доцуш» - цуьнгара хьалха дийлиначу къиношна гечдийр ду» (хIара хьадис далийна Абу Дауда: 4023, Тирмизис: 3454, цара аьлла «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).
101-гIа дакъа
Юург емалъян цамагар а, иза хастор бакъахьа хилар а
736. Абу-ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цкъа а цхьана а тайпа юург емал ца йора: шена и езахь - юура, ца езахь - Iадда юьтура» (Бухари: 5409, Муслим: 2064).
737. Джабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен цIерачаьрга (муьлхха а цхьа) чамбийриг ехча, цара элира: «Вайгахь, къонза доцург, кхин хIуммаъ ян-м яц». ТIаккха (къонза) схьа а дехна, хIара дешнаш а олуш, хIума яа вуьйлира иза: «Ма дика чамбийриг ду-кха къонза, ма дика чамбийриг ду-кха къонза!» (Муслим: 2052).
102-гIа дакъа
ХIума юучохь нисвелча марха долучо ала дезарг, нагахь ша шен марха даста дагахь вацахь
738. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух муьлхха а цхьаъ кхайкхича - кхайкхиначу вахар къобалдай тIеэца[1]. Нагахь (кхайкхиначу воьдуш верг) марха долуш велахь - ламаз дер цо[2], нагахь иза марха долуш вацахь - хIума юур цо» (Муслим: 1431).
Iеламнаха боху: «(Кхузахь) «ламаз дер цо» бохург – «АллахIе доIа дер цо» бохучу маьIнехь ду».
[1] Нагахь кхузахь къамел зуда ялийначу тойнехь цхьаьнакхетарах лаьцна делахь - и тIеэцар а, цига вахар а важиб ду. Цуьнах терачу кхинйолучу меттигех дерг аьлча - цига вахар дика (мандуб) лоруш ду.
[2] Вуьшта аьлча: шуьне гулбеллачарна а, ша цига кхайкхиначунна а доIа дойла цо. Кхетам баларан дийцаршкахь билгалдоккху: кхузахь «ламаз дер цо» бохучу дешнийн маьIна - «ша ма дарра ламаз дер цо» бохург ду аьлла, Iеламнах а бу.
103-гIа дакъа
Шуьне кхайкхиначу стага ала дезачуьнан хьокъехь, нагахь цунна кхин цхьаъ тIаьхьахIоьттинехь
739. Абу МасIуд ал-Бадрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Ансарех) цхьамма пайхамар а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), кхин виъ стаг а кхайкхинера ша цунна кечйина хилла йолучу юучух кхета, амма царна тIаьхьахIоьттира (кхин а цхьа) стаг. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (шуьне кхайкхиначу хIусамден) неIаре шаьш кхаьчначу хенахь (хIусамдега) элира: «ХIара (стаг а) хIоьттина тхуна тIаьхьа - хьайна лаахь пурба лур ахьа цунна, хьуна лаахь - вуха а воьрзур ву иза». (Оцунна дуьхьал шуьне кхайкхиначо) элира: «ХIан-хIа, чуван пурба ду цунна, хIай АллахIан элча!»» (Бухари: 5434, Муслим: 2036).
104-гIа дакъа
Шена хьалххараниг яаран а, (иштта) хIума нийса яа ца хууш волучунна хьехам бар а, иза кхетош-кхиор а
740. Абу Саламатан кIанта Iумара дийцина: «Беран хенахь АллахIан элчано дола деш, цуьнан Iуьналлехь вара со. Гуттар а шун мел ду (массо а шуьнан кIажошкахула) сайн куьг кхерстош Iедал дара сан. Амма (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) соьга элира: «ХIай, кIант! Ала: «АллахIан цIарца!» («БисмиллахIи»). Хьайн аьтту куьйга а яа, хьайна хьалхха а кховда» (Бухари: 5376, Муслим: 2022).
74I. Саламат бин ал-АкваIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана стага АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучохь шен аьрру куьйга хIума юуш хилла. Ткъа цо омра дина цуьнга: «Хьайн аьтту куьйга яа!». (Оцу стага) аьлла: «Ца яало соьга!». ТIаккха (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) аьлла: «(ТIейогIучу ханна а) яалур яц хьоьга иза!». (ХIунда аьлча) куралла йоцучу цхьана а хIумано йина новкъарло яцара цунна. (Оцу стаге, боккъалаъ, цул тIаьхьа кхин цкъа а) шен (аьтту куьг бете цадахьаделира)». (Муслим: 2021).
Страница 4 из 19