179-гIа дакъа
Зудчунна ша цхьаъ новкъаялар хьарам дина хилар
989. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIах а, эхартан дийнах а тешаш йолучу зудчунна магош дац, де а, буьйса а юкъ йолучу новкъаялар, шеца цхьаьна шена юххера гергараниг (махьрам)[1] а воцуш» (Бухари: 1088, Муслим: 1339).
990. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, (цкъа) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «ХIуъа хилча а стаг (хийра) зудчуьнца ша ма вуьссийла - нагахь цуьнца цхьаьна цуьнан юххера гергараниг (махьрам) вацахь, зуда некъа а ма йолийла - шеца цхьаьна шен юххера гергараниг (махьрам) воцуш!» (И аьлларг хезначу) цхьана стага элира (цуьнга): «ХIай, АллахIан элча! Сан зуда хьаж дан (кечлуш ю), ткъа со хIоккху-эцца гIазотехь (дакъалаца эскарна юккъе) дIаязвина ву». (Оцу хьокъехь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «ДIавало, хьайн зудчуьнца цхьаьна хьаж де»» (Бухари: 1862, Муслим: 1341).
[1] Кхузахь вуьйцуш волу «махьрам» – сел цунна гергараниг ву, ШарIехь шена зуда йина иза ялон магош а доцуш волу.