|
|
 |
|
Буса гIаьттича деш долу суннат-ламазаш |
|
06.09.2008 шо. |
|
Буса гIаьттича деш долу суннат-ламазаш «Рамадан (баттал) тIаьхьа марха кхабар уггаре дезах дерг - АллахIан Мухьаррам бутт бу. Парз-ламазал тIаьхьа уггаре дезах дерг - буса ден ламаз ду» (Муслим). 1. Буса деш долучу уггаре дезачу ламазийн дукхалла - цхьайтта (11) я кхойтта (13) ракаIат ду. 2. Буса ламаз дан хьалагIаьттича суннат ду - сивак хьакхар а, «Али Iимран» сурат, 190-чу аятана тIера дIа а долийна, чеккхдаллалц дешар а. 3. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дина хилла долу доIа дар а суннат ду буса гIаьттиначунна: «АллохIумма! Лакал-хьамду, анта къаййимуссамавати вал-арди ва ман фихIинна, ва лакал-хьамду анта нуруссамавати вал-арди ва ман фихIинна, ва лакал-хьамду анта маликуссамавати вал-арди, ва лакал-хьамду антал-хьаккъу, ва ваIдука хьаккъун, ва ликъоука хьаккъун, ва къовлука хьаккъун, вал-жаннату хьаккъун, ваннару хьаккъун, ваннабиййуна хьаккъун, ва Мухьаммадун хьаккъун, вассаIату хьаккъун. АллохIумма лака асламту, ва бика аманту, ва Iалайка таваккалту, ва илайка анабту, ва бика хасамту, ва илайка хьакамту, фагIфирли ма къаддамту вама аххарту вама асрарту вама аIланту, антал-мукъаддиму ва антал-муаххиру, лаилахIа илалла анта (я лаилахIа гIойрука)». |
|
Кхин д1а а еша
|
|
|
05.09.2008 шо. |
|
Бусалбнин доIа
الله اكبر و لله الحمد АллахI воккха а ву, АллахIан хастам а бу. اللهم سدد رمى المجاهدين Я АллахI, мужахIидийн тохар, кхоссар нийса тIедерзаде Ахь. اللهم يا منزل الكتاب ويا مجري السحاب ويا سريع الحساب ويا هازم الأحزاب أهزم النصارى واليهود المحاربين للإسلام والمسلمين Я АллахI, хIай жайнаш диссийнарг, хIай мархаш лелош верг, хIай хьесап сиха, чехка дерг, хIай тобанаш йохош верг бусулбанашца, исламаца тIом беш болу керстанаш, жуьгтий бохабе Ахь. اللهم أهزمهم وزلزلهم Я АллахI, уьш эшабе Ахь, уьш ластабе Ахь. اللهم أقذف الرعب في قلوبهم Я АллахI, церан дегнашчу кхерам таса Ахь. اللهم فرق جمعهم Я АллахI церан тоба вовшахйаккха Ахь. اللهم شتت شملهم Я АллахI, уьш дIаса баржабе Ахь. اللهم خالف بين آرائهم Я АллахI, церан барт бохабе Ахь. |
|
Кхин д1а а еша
|
| |
|
|
Рамадан беттан йолан марха кхобучуьнан раж |
|
31.08.2008 шо. |
|
Рамадан беттан йолан марха кхобучуьнан раж Iуьйра-ламаз дале хьалха дан дезарг 1) ТахIажжуд ламаз дар. АллахIа (Лекха ву И) аьлла: «Боккъалаъ, эхартах кхоьруш а, шен Делан къинхетаме догдохуш а, суждане оьхуш а, (ламазехь) лаьтташ а муьтIахь буьйсанаш хьуш верг» («аз-Зумар»: 9). 2) Iуьйкъе яр. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Сатасале хьалха хIума яа (я Iуьйкъе е), хIунда аьлча Iуьйкъе ярехь беркат ду» (барт хилла хьадис ду). 3) Iуьйра-ламазна моллалла кхайккхалц Деле гечдар дехар. АллахIа (Лекха ву И) аьлла: «Сатасарал а хьалха гечдар доьхуш бара уьш» («аз-Зарият»: 18). |
|
Кхин д1а а еша
|
|
|
Марша богIийла хьо, беркате Рамадан бутт! |
|
26.08.2008 шо. |
|
Марша богIийла хьо, беркате Рамадан бутт! Хастам бу АллахIана - диканна лериначу езачу хенашца Шен лаьшна дика дина волучу. И бахьанехь царна церан къиношна гечдан а, Iесаллех а, харцхьараллех а уьш дIацIанбан а. И бахьанехь царна церан маьл-ял дебон а, церан даржаш хьалаайдан а. Тоьшалла до аса кхин Дела цахиларца, АллахI воцург. Ша цхьаъ ву И, Шеца цхьа накъост а воцуш, - Шен совгIаташ далар шуьйра долуш волу, Шен совгIаташ токхе, комаьрша долуш волу. Юха а тоьшалла до аса Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а хиларца – мел кхоьллиначу кхолламашлахь ша уггаре сийлахь вина волу. АллахIан къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, иштта цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна а, диканца царна тIаьхьа мел ваьзначунна а. Цул тIаьхьа… ХIай нах! Шайн Делах кхера, лолла а де Цунна. Цо шайна мел деллачу ниIматашна шукар а деш, хастам бе Цунна. Диканан хенашца Цо шайна деллачу ниIматан (мархин беттан) къаро е, хIора шарахь карла болий, тIебогIуш болучу. Цуьнан карла баларца цхьаьна – АллахIа шуна лерина йолу комаьршалла а, къинхетам а, ниIматаш а карладалийтаран дуьхьа. Шуьга дика Iамалш яйта а, шуьга къиношна букъ тохийта а, шун жигаралла самаяккха а баийтина и (мархин бутт). |
|
Кхин д1а а еша
|
|
| |
|
 |
|