Доьзалхо дуьненчу ваьлча дайша-наноша а, иштта кхетош-кхиорхоша а лелон дезарг
21.05.2011 г.

Ислам-дино бусулба умматна кховдийна дикачуй, сийлахьчуй, ладамечуй гIуллакхех цхьаъ ду-кх, берашца хилаезачу ерриг юкъаметтигашна те йоккха терго яхийтарца кхетош-кхиоран ша-тайпа нийса бакъонаш кхетийна хилар а, бер кхетош-кхиорах мел доьзна долу ладаме баххаш довзийтина хилар а. ХIунда аьлча, цу кепара берашца хила еза юкъаметтигаш къастош кхеторой, кхиоран ладаме баххаш довзийтарой хIор кхетош-кхиорхочунна а, дайшна-наношна а таро лур ю, берийн хьокъехь шена техь мел долу кхетош-кхиоран декхарш дан ма-деззара кхочушдан… ткъа, шен белшашна тIехь кхетош-кхиоран декхар долчунна мел боккха аьтто бу-кх, шена техь долу кхетош-кхиоран декхар исбаьхьачу куьцара кхочуш дан а, доьзал кхиоран некъаш практике даха а Ислам-дино хьехначу баххашний, шен суьртан амалийн башхаллаш кхетош-кхиоран сирла некъ дуьххьара гайтинчу Делан элчаний, Аллахера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, баххашна техь!!.

ХIан, хIинца схьаягар ер вай шуна, кхетош-кхиорхоша а, дайш-наноша а бер дуьненчу ма дели, лело езаш йолу цхьацца бакъонаш:

Читать далее
 
Берана цIе тиллар а, цуьнан бакъонаш а
01.08.2010 г.

Берана цIе тиллар а, цуьнан бакъонаш а

Массара а тIеэцначу юкъараллин Iадатех цхьаъ ду - бер дуьненчу даьлча, дас-нанас оцу цIарца цуьнга кхайкхича я цуьнан и цIе яьккхича, массарна а иза девзан долу цIе тиллар. Ислам дино чIогIа тидаме эцна берана цIе тилларан гIуллакх. Берана цIе тиллар коьрта а, ладаме а хилар гойтуш йолу бакъонаш хIиттийна Ислам дино - берийн хьокъехь мел оьшуш дерг а, цуьнан сий-ларам айбан мел дезаш дерг а, бераш кхетош-кхиораца уьйр мел ерг а бусалба умматана довзийтаран дуьхьа.

КхиндIа вай йийцаре йийр ю - берашна цIераш тахкарехь ларъян езаш йолу Ислам дино охьаехкина бакъонаш.

Читать далее
 
Схьадуьйла, бераш! Пайхамаран хьадисаш Iамаде вай!
15.02.2010 г.

Дешахьалхе

Хастам бу АллахIана, Iаламаш кхоьллина волучукхобуш-кхиош волучу!

АллахIера салам-маршалла хуьлда, Iаламех а къаьстийнаадамех къинхетам а бинадикане кхойкхушвониг доьхкуширс дохьуш ваийтиначу вайн пайхамарна Мухьаммадна!

Хьоме берашХIара «Пайхамаран ишкол» цIе йолу жима жайна шуна лерина кечдина охахIокху жайнин гIоьнца шуна довзийтаАллаха,Цуьнан элча волу Мухьаммад а муха веза веза амуха лара веза анахаца муха хила веза ахьарам-хьанал муха къастон деза ада-нана,йиша-вашагергарнаш муха лара беза аБоккъал а бусалба муха хила веза а Iамадо хIокху жайно.

Читать далее
 
 
 
 
 

 

 

 

Все права защищены.