ПАЙХАМАРАН (АЛЛАХIЕРА САЛАВАТ А, САЛАМ А ХУЬЛДА ЦУННА) БЕРАШ
Цуьнан ворхI бер хилла:
1. Зайнаб, Рукъият, Умму Кулсум, ФатIимат, ал-Къасим, IабдуллахI, ИбрахIим. АллахIера маршо хуьлда царна!
2. И бераш дерриге а Хадижата дина ду (АллахI реза хуьлда цунна), цхьа ИбрахIим воцург. Ткъа ИбрахIим - Марет ал-КъибтIис вина ву. Иза дIакхелхина, ХIижрин рузманца, уьтталгIачу шарахь, РабиIул-Аввал баттахь, шен берхIитта бутт хан йолуш.
3. Пайхмаран (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) дерриге а бераш цул хьалха делла, цхьа ФатIимат йоцург (АллахI реза хуьлда цунна). Ткъа ФатIимат АллахIан Элча (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) дIаваьллачул тIаьхьа кхин а ялх баттахь яьхна. ФатIиматан кхалхар хилла, ХIижрин рузманца, цхьайтталгIачу шарахь, Рамадан баттахь, шен ткъе исс шо хан йолуш.