МУЪМА-НЕХАН НАНОЙ (АЛЛАХI РЕЗА ХУЬЛДА ЦАРНА)
Уьш цхьайтта ю:
1. Хувайлидан йоI Хадижат (АллахI реза хуьлда цунна).
АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) Ислам-дин кхайкхош ша вале хьалха ялийна хилла ю иза. Иза ялочу хенахь Пайхамаран (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) ткъе пхи шо хан хилла, ткъа Хадижатан шовзткъа шо хилла. АллахIан элча (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) Ислам-дин дохьуш веъначул тIаьхьа уьтталгIачу шарахь, иза дийна а волуш, дIакхелхина иза.
2. Абу Бакар ас-Сиддикъан йоI Iайшат (АллахI реза хуьлда цаьршинна).
Пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна), ша Ислам-дин дохьуш веъначул тIаьхьа, уьтталгIачу шарахь, Шавваль баттахь, иза шен дола йоккхуш мах бина. Ткъа, ХIижрин рузманца, дуьххьаралерчу шарахь, Шавваль баттахь, цуьнца Iар-вахар а долийна цо. АллахIан элча (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) дIакхелхина, берхIитта шо долуш Iайшат а юьссуш. АллахIан элча (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) дIакхелхиначул тIаьхьа, ХIижрин рузманца, Рамадан баттахь, шовзткъе вуьрхIитталгIачу шарахь дIакхелхина Iайшат.
3. ЗамIин йоI Савдат (АллахI реза хуьлда цунна).
АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) ялийна иза, ша Ислан-дин дохьуш веаначул тIаьхьа, уьтталгIачу шарахь, Шаввал баттахь, Хадижат дIакхелхиначул тIаьхьа. ХIижрин рузманца, цуьнан дIакхалхар хилла шовзткъе пхийтталгIачу шарахь.
4. Iумаран йоI Хьафса (АллахI реза хуьлда цунна).
ХIижрин рузманца, кхоалгIачу шарахь, ШаIбан баттахь, ялийна иза Пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна). ДIа а кхелхина иза, ХIижрин рузманца, шовзткъе пхоьалгIачу шарахь.
5. Мискачу нехан нана Хузайман йоI Зайнаб (АллахI реза хуьлда цунна).
Пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) ялийна иза, ХIижрин рузманца, кхоалгIачу шарахь, Рамадан баттахь. Ялийначул тIаьхьа масех бутт баьлча дIакхелхина иза. АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна), ша хьалха а ваьлла, докъан ламаз дина цунна, дIа а йоьллина иза.
6. Жахьшан йоI Зайнаб (АллахI реза хуьлда цунна).
Пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) ялийна иза, ХIижрин рузманца, кхоалгIачу шарахь. ХIижрин рузманца, ткъолгIачу шарахь дIа а кхелхина иза.
7. Абу Умаййан йоI Умму Салама ХIинд (АллахI реза хуьлда цунна).
Пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) ялийна иза, ХIижрин рузманца, Шаввал баттахь, доьалгIачу шарахь. ДIа а кхелхина иза, ХIижрин рузманца, кхузткъе шолгIачу шарахь. Муъма-нехан нанойх уггаре а тIаьхьа дIакхелхинарг иза ю.
8. Хьарисан йоI Жувайрет (АллахI реза хуьлда цунна).
Пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) ялийна иза, ХIижрин рузманца, пхоьалгIачу шарахь. ХIижрин рузманца, шовзткъе уьтталгIачу шарахь дIа а кхелхина иза.
9. Абу Суфйанан йоI Умму Хьабиба (АллахI реза хуьлда цунна).
Пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна), хIижрат дина яхана Хьабаша-махкахь а йолуш, ялийна иза, ХIижрин рузманца, ворхIалгIачу шарахь. ДIа а кхелхина иза, ХIижрин рузманца, шовзткъе доьалгIачу шарахь.
10. Хьуйаййан йоI Сафият (АллахI реза хуьлда цунна).
АллахIан пайхамар хиллачу Iимранан кIентан ХIаронан тIаьхьенах хилла ю иза. Пайхамара (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) ялийна иза, ХIижрин рузманца, ворхIалгIачу шарахь. ДIа а кхелхина иза, ХIижрин рузманца, шовзткъе итталгIачу шарахь, оцу хьокъехь Iеламнаха аьллачух бух чIогIох болчуьнца.
11. Хьарисан йоI Маймуна (АллахI реза хуьлда цунна).
АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) ялийна иза, ХIижрин рузманца, Зул-КъиIда баттахь, ворхIалгIачу шарахь. ДIа а кхелхина иза, ХIижрин рузманца, шовзткъе цхьайтталгIачу шарахь.