ПАЙХАМАРАН (АЛЛАХIЕРА САЛАВАТ А, САЛАМ А ХУЬЛДА ЦУННА) ЙИЙСАР БИНАЧАРЕХ ЗУДАРИЙ
Цуьнан йийсар биначарех ши зуда хилла:
1. Iамран кIентан Зайдан йоI Райхьана (АллахI реза хуьлда цунна).
Бану Къурайза тайпанах йийсар биначарех хилла ю иза. Цул тIаьхьа Ислам-дин тIе эцна цо. АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна), ХIижрин рузманца, ялхалгIачу шарахь, Мухьаррам баттахь, шена къастийна хилла ю иза. Ткъа, ХIижрин рузманца, уьтталгIачу шарахь, Iодика ен хьаьж а дина, иза цIа вогIучу хенахь, дIа а кхелхина иза.
2. Къибтин Марет (АллахI реза хуьлда цунна).
Александрин паччахь волчу Мукъавкъиса совгIатана елла хилла ю иза Пайхамарна (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна). Ислам-дине а еъна иза. ХIижрин рузманца, ворхIалгIачу шарахь АллахIан элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) шена къастийна хилла иза. КъибтIин Марета элчанна (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) ИбрахIим вина. ХIижрин рузманца, ялхитталгIачу шарахь дIа а кхелхина иза.