ПАЙХАМАРИН (АЛЛАХIЕРА САЛАВАТ А, САЛАМ А ХУЬЛДА ЦУННА) МОЛЛАЛЛА КХОЙКХУШ ХИЛЛАРШ
Виъ ву уьш:
1. Рабахьан кIант Билал (АллахI реза хуьлда цунна)
Иза - АллахIан Элчанна (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) дуьххьара моллалла кхайкхинарг ву. Абу Бакар ас-Сиддикъа (АллахI реза хуьлда цунна), эца а эцна, лоллех мукъаваьккхина хилла ву иза. Цул тIаьхьа даим а АллахIан Эллчанна (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) уллехь чекхаваьлла иза. Массо а гIазоташкахь цуьнца дакъа а лаьцна цо. Шемахь кхалхар хилла цуьнан хIижрат динчу ткъолгIачу шарахь.
2. Умму Мактуман кIант Iамр (АллахI реза хуьлда цунна)
АллахIан Элчанна (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) Меднахь моллалла кхойкхуш хилла ву иза. Дуьххьара хIижрат динчу мухIажарех хилла а ву иза. Iумар (АллахI реза хуьлда цунна) халиф волчу заманан тIаьххаьрчу муьрехь кхалхар а хилла цуьнан.
3. СаIд бин Iаиз ал-Къараз (АллахI реза хуьлда цунна)
АллахIан Элчано (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) Къубаэхь моллалла кхайкха хIоттийна хилла ву иза. АллахIан Элча (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) кхелхинчу хенахь Билала (АллахI реза хуьлда цунна) моллалла кхайкхар дитина. ХIетахь Абу Бакара (АллахI реза хуьлда цунна) АллахIан Элчанан (АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна) маьждиге схьавалийна СаIд, цигахь моллалла кхайкхийта. ХIижрин рузманца, кхузткъе дейтталгIачу шарахь кхалхар хилла цуьнан.
4. Абу Махьзура Авс бин МиIйар (АллахI реза хуьлда цунна)
Азан дечу хенахь, шахIадат шозза меллаша а даладой, юха чIогIа далош хилла цо. Маккахь кхалхар хилла цуьнан, ХIижрин рузманца, шовзткъе ткъесналгIачу шарахь.