113-гIа сурат
«Садаржар» («ал-Фалакъ»)
(Маккахь я Меднахь доссийна, пхи аят ду)
Къинхетамечу а, Къинхетамбечу а АллахIан цIарца!
1. Ала: «ГIо лоьху ас садаржочу Делера –
2. Цо кхоьллинчу вонах ларвалархьама,
3. [иштта] боданан вонах а, и булучу хенахь,
4. бозбуунчийн вонах а, шеддаш тIе хIуп бохучу,
5. хьогIанчин вонах а, цо хьагI лаьцначу хенахь».
__________
«Садаржар» («ал-Фалакъ»)
(1) ХIай, Пайхамар! Ала: «Со ларло садаржочу Делаца (АллахIаца). КIелхьараволийла (я гIо) а лоьху ас Цуьнгара. Ткъа «ал-Фалакъ» («Садаржар») – «Iуьйре юлу хан» бохург ду.
(2) (ГIо лоьху ас Цуьнгара) - массо а кхолламийн вонех а, зенех а, зуламех а ларвалархьама.
(3) (ГIо лоьху ас Цуьнгара) - бода чIогIачу буьйсанан вонах (ларвалархьама) а, и (бода), бан а беана, чIагI а белла, дIахIоьттича, иштта оцу чохь долчу вонех а, зенех а.
(4) (ГIо лоьху ас Цуьнгара) - бозбуунчийн вонах (ларвалархьама) а, шеддаш тIе хIуп бохуш болчу, бозбуунчалла дан ойланца.
(5) (ГIо лоьху ас Цуьнгара) - хьогIанчин вонах (ларвалархьама) а, АллахIа царна делла долу диканаш бахьанехь, адамаш ца дезаш волчу, хьагI а лаьцна, Дала царна делла диканаш совцийла лууш волчу».