Суннатхочуьнан бакъо юй шиитхо кериста ву аьлла, бехке ван?
Шолгlа хаттар: "Суннатхо волучу бусулбан магош дуй те, шиитхо кериста ву ала?".
Нагахь шиитхочуьнгара делах воккхуш (динах воккхуш) долу хlуманех цхьаъ даьллехь. Масалла: нагахь шиитхочо вайн нанна lайшатана, нахаца лелла аьлла, ц1е кхоьллинехь, Къуръано бохург харц диначех хир ву и, ткъа Къуръано бохург харц дар бахьанехь керисталла а догlур ду цунна тlе.
Цу кеппара, нагахь шиитхочо, тешаме Жабраил малик ямарта хилла аьлла, бехке дахь, тlаккха а керисталла догlу цунна тlе.
Иштта, нагахь и Аллахl воцучуьнга кхойкхуш велахь. Масалла: беллачаьрга, я зен дар а, я пайда бар а шайн карахь доцуш болу. Тlаккха а ширк дина цо. (Делаца накъост нисвина цо).
Цу кеппар, оцу шиитхочуьнгара долуш долучуьнга хьаьжжина хир ду, цуьнан
хьокъехь хьукма дар а. Дика хуург Аллахl ву.
Жоп делларг: аш-шайх Мустlафа ал-lадави.