Массо мостагI гIелвеш долу хIума а, мостагIчуьнан ницкъ каг мел беш долу хIума а дар - важиб ду бусалбанна тIехь. ХIора адамна тIехь ду и – шен ницкъ кхачаран барамехь, шен тароне хьаьжжина. Цхьана а хьолехь, цхьана а бусалба стагана мегаш дац шен динан мостагIчунна а, шен мехкан мостагIчунна а гIоьнча, когъгIортийла, накъост хила. Цхьа а башхалла яц, и мостагI - жуьгти велахь а, цIунан динераниг велахь а я, уьш а боцуш, кхин керстанаш белахь а.
Бусалба стаг, шен ницкъ мел бу, шен мостагIчунна дуьхьал латта везаш ву - шен бакъонаш эшон гIерташ волучу, шен коьрта мукъаллаш талхон лууш волучу, сий дада гIерташ волучу. Цундела массо а АллахIан мостагIийн а, динан мостагIийн а, мехкан мостагIийн а гIо лаьцна верг, ткъа иза - царех цхьаъ лоруш ву, АллахIа (Лекха ву И) ма-аллара:
«Нагахь муьлхха а шух цхьамма уьш шен гIоьнчий а, накъостий а лоруш белахь, ткъа иза ша а ву царех цхьаъ» («ал-Маидат»: 51).
Вуьшта аьлча - шен дагца а, шен маттаца а, я шен юкъаметтигаш лелорца а, я шен даьхница а, я муьлхха а цхьана некъаца а, я муьлхха а цхьана кепара а цаьргахьа гIо доккхуш верг, царна тIетевжаш верг, ткъа иза - царех цхьаъ лоруш ву, церан тобанехь лоруш а ву. ХIара КъурIано дуккхаъчу сураташкахь а, дуккхаъчу аяташкахь а ларло цуьнах аьлла, бусалба нахе дIахьединарг ду. Царна гIоьнчий хилларш а, царна тIетевжинарш а царех цхьа дакъа лерина:
«Делах цатешарш (гаураш) - вовшийн гIоьнчий а, накъостий а бу» («ал-Анфал»: 73).
Бусалба стаг керста стагана тIехIотта йиш йолуш а, керстанна гIоьнча хила йиш йолуш а вац. Нийса лелаш волу дика стаг а вац къинош дечу, хьарамло лелочу вочу стагаца доттагIалла лелон а, цуьнан гIоьнча хилан а йиш йолуш. Нагахь бусалба стага цуьнца гергарло леладахь, иза цуьнан гIоьнча хилахь, ткъа тоьшалла хир ду и - цуьнан иман эшна хиларан я цуьнан бусалбаналла дIадаьлла хиларан. АллахIа лардойла вай цуьнах! Ткъа иза – динах валар, дин дIатасар (риддахI) ду, Ислам динна тIера валаран а, вохаран а цхьа тайпа а ду.
Бусалба стагана тIедожийнарг, нагахь иза шен мостагIашна дуьхьал туьрца жихIад дан таро йоцуш велахь, - мел лаххара а, цаьрца йолу юкъаметтигаш хадоран жихIад дан декхарийлахь ву иза. Царна шегара экономикин а, хIумаллин а, махлелоран а пайда болуш, бахьана хилла хIотта йиш йолуш а вац иза. ХIунда аьлча хIора динар, я хIора рийал, я хIора кепек, я хIора сом, мостагIчуьнга дIадоьдуш долу - цуьнан маьIна ду: ахьа царна белларг хIоъ бу я даьндарган мах бу, цул тIаьхьа бусалба стеган некхе я даге гIон болу. Цундела Iамерикехь а, иштта кхечанхьа а сагIина тесна хIума гулъечу жуьгтийн у тIера кхайкхам, къайле а йоцуш, бевзаш бу: цхьа доллар таса - Iаьрбо воь ахьа.
Даьхний ма дай - цуьнца стаг вуьш долу герз оьцуш дерг… Ахьа бусалба нахана дуьхьал тIом бан воллуш волучу мушрикна, гаурна, телхиначунна гIо дича, цуьнгахула бусалба са дийна лоруш ву хьо, ткъа бусалба стеган са дер – уггаре а даккхийрачу къинойх къа ду:
«Стаг верна я лаьтта тIехь бохам баржорна а доцуш стаг вийнарг - берриге нах байъича санна ву» («ал-Маидат»: 19).
«Хуъушехь бусалба стаг вийначуьнан бекхам - жоьжагIати бу, абаделлац иза оцу чохь хин волу. АллахIан оьгIазло хир ю цунна, неIалт а эра ду Цо цунна, даккхийра Iазапаш а кечдийр ду Цо цунна» («ан-Нисаъ»: 93).
Бусалба стагана тIехь дерг - цкъа а шен мостагIашца цхьаьна цахилар ду. Цара гучудоккхуш долу шаьш дагалаьцнарг, шайн ойла а, Iалашо а мел хаза гойтуш елахь а, ткъа пуьчаш бу хьуна и.
АллахIа (Лекха ву И) аьлла:
«Боккъалаъ, зуламхой - вовшийн гIоьнчий а, накъостий а бу» («ал-Джасийат»: 19).
«Нагахь муьлхха а шух цхьамма уьш шен гIоьнчий а, накъостий а лоруш белахь, ткъа и ша а ву царех цхьаъ» («ал-Маидат»: 51).
АллахIа (Лекха ву И) аьлла:
«Делах тешначарна дуьхьал уггаре луьра мостагIий карор ма бу хьуна - жуьгтий а, мушрикаш а» («ал-Маидат»: 82).
Вайна чIогIа дика хаа дезаш ду хIара. Массо бусалба стаг шен бусалба умматца цхьаьна хила везаш ву, шен динаца цхьаьна хила везаш ву… ХIара-м мел кIезиг а дан дезарг ду… Массо а халкъийн дешшехь дагца долу хIума ду хIара…
Адамо, ша цхьаьнца тIом бечу хенахь - деккъа цхьана герзаца бина ма ца Iа иза цуьнца тIом, цул дукхах дерг а до цо, масала, юкъаметтигаш йохайо…
Мушрик нахана, Маккахь болучу хенахь, пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дуьхьал тIом бан лиъначу хенахь, дуьххьара цуьнца бина тIом герзаца бина ма бацара цара – иза экономикин тIом хилла, ерриге юкъаметтигаш хедош… Цуьнца а, цуьнан асхьабашца а, цуьнгахьа гIо доккхуш хиллачу цуьнан гергарачу Бани МуттIалибхошца а, Бани ХIашимхошца а… ерриге гергаралонан уьйраш хедийна цара. Го лаьцна цара царна, шайн цаьрца мел хилла йолу ерриге уьйраш а хедийна цара – цаьрца мах ца лелош, царна хIума ца юхкуш, цаьргара хIума ца оьцуш, цаьрга зуда ца йохуьйтуш, цераниг яла ца еш, ткъа цуьнан маьIна хуьлу: экономикин тIом. Дика кечам бан беза боху маьIна ду и… иштта дIа кхин а…
ХIорш мушрик нах ма бу, ткъа бусулба нах мелхо а дика хаа дезаш ма бу лакхахь дийцинарг, массо а АллахIан мостагIчуьнца, бусалба нехан мостагIчуьнца юкъаметтигаш хедон езаш а бу уьш. Муьлхха а оцу тIера ваьлларг - АллахIана а, Цуьнан элчанна а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), бусалба нехан тобанна а ямарт а, тешнабехке а хилла лоруш ву.
Фатва делларг: Юсуф ал-Къарадави
Гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ