иштта кхетам белла: «мукъа хабарш» - эшарш а, иллеш а ду, аьлла.
1абдуллах1 ибн Мас1уда (Аллах1 реза хуьлда цунна) дуй бууш хилла: «мукъа хабарш» - эшарш а, иллеш а ду, олий.
Нагахь санна оцу эшаршца а, иллешца а мукъам тобан а, хазбан а г1ирсаш белахь: пондар (1ад хьокху, дечиган, кехатан), вота - кхин а ч1ог1а хьарам хиларе доьрзу и.
Цхьаболчу 1елимнаха дийцина: г1ирсашца эшар лакхар я илли алар - цхьа барт болуш хиллачу сацамца (иджма1аца) хьарам ду. Х1ора стагана т1ехь декхар ду цуьнах ларвалар.
Вайн элчанера (Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бух ц1ена болчу хьадисехь дийцина ду:
«Билггала сан умматехь нах хир бу, зина а, дари а, чаг1ар а, мерзаш а хьанал деш».
Сан лараме ваша! Хьехар ду хьуна, вешина санна: Къур1ане ладог1а - цуьнгахь дуккха а пайданаш карор бу хьуна. Дог дендо цо. Къиношна гечдойту цо. Хьан х1усам шайт1анех а, жинех а д1ац1анйо цо. Цул совнаха, хьо а ларво цо церан вонах.
Ткъа эшарша я иллеша зен бен ца до. Цара дог дакъадо. Цаьрга ладоьг1ча, къинош гулдо, х1усам чу шайт1анаш а, жинаш а гулдо. И бахьанехь къематан дийнахь, лерга чу лалийна даш дуттуш, 1азап лур ду.
Т1ехула т1е, эрна хан йойъуш, исрап а ду и. Ткъа исрап дийриш шайт1анийн вежарий бу аьлла Лекха волчу Аллах1а.
Аллах1а кхетам лойла вайна нийса дерг ган а, цунна т1аьхьа даза а.
Турпалан к1ант Фарукъ