АллахIа (Лекха ву И) аьлла:
«ХIан, малекашка элира оха: «Адамна хьалха суждане гIо!». Уьш массо а суждане дахара, Иблис доцург. Жинех цхьаъ дара иза, шен Делан омрина Iеса хилира иза» («ал-Ках1ф»: 50).
Лекхачу АллахIа Шен Къамелехь хьахийна Иблиса ша Адамна сужд ца дарна бехказа даларан а, дуьхьала даларн а хьокъехь аьлларг:
«Со цIарах кхоьллина Ахьа, ткъа иза сацкъар-латтанах кхоьллина Ахьа» («Сод»: 76).
Ткъа Лекхачу АллахIан Дашехь, иза юкъара даккхаран бахьанах дерг аьлча: «Цхьа а юкъара ца долуш, дерриге малекаша сужд дира, Иблис доцучо», – хьалхарачуьнах дозуш а доцуш, ша цхьалха юкъара даккхар лоруш ду иза, олучо аларх терра: берриге нах баьхкира, вир йоцург.
Iилманан охIланна юккъехь иштта олуш берш а бу:
«Иблис (АллахIан неIалт хуьлда цунна) малекийн тайпанах цхьаъ ду, делахь а, ша бохучунна тIера ца долуш, Лекхачу АллахIана Iеса а хилла, эргIад а дахана, АллахIана муьтIахь ца хуьлуш духахьа а даьлла, Цо шега аьлларг а ца дина. Цундела кIематде даллалц АллахIан неIалт хьакъ хилла цунна».
Iилманан талламашна а, фатва даларна а кхоьллина, хаддаза болх дIахьуш йолу Iеламнехан комитет:
Iабдур-Раззакъ Iафифи - комитетан куьйгалхочуьнан меттаниг,
IабдуллахI бин ГIадйан - комитетан декъашхо,
IабдуллахI бин Муний1 - комитетан декъашхо.
Гочдинарг – Турпалан кIант Фарукъ