юьхь юьлучу хенахь цара доьшуш долу доIа а: «АллохIумма баййид важхIи йовма тасваддул вужухI» («Я АллахI! Сан юьхь кIайъе Ахьа цхьайолу яххьаш Iаржлучу дийнахь»);
ши куьг дуьлучу хенахь цара доьшуш долу доIа а: «АллахIумма аIтIини китаби бийамини вала туIтIини китаби бишимали» («Я АллахI! Сан Iамалийн тептар сан аьтту кара ло Ахьа, сан Iамалийн тептар сан аьрру кара ма ло Ахьа»);
иштта дIа кхийолу меженаш юьлучу хенахь цара доьшуш долу доIанаш а.
Ламаз оьцучунна ШарIехь тIедиллинарг - ламаз эца воллучу юьххьехь бисмилла даккхар ду, хIунда аьлча цуьнан хьокъехь хьадис долун дела:
«Ламаз эцна лоруш дац эца воллуш АллахIан цIе ца яьккхиначо».
Ткъа ламаз эцна ваьлча эра ду:
«АшхIаду ан ла илахIа иллаллохIу вахьдахIу ла шарика лахIу, ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIу ва расулухI. АллохIуммаджIални минаттаввабина ваджIални минал мутатIаххIирин» («Аса тоьшалла до АллахI воцург кхин дела цахиларца. Ша цхьаъ ву И, Шеца накъост а воцуш. Аса юха а тоьшалла до Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а хиларца. Я АллахI! Тоба дечарех ве Ахьа со, цIано ечарех а ве Ахьа со»).
АллахIан къинхетам а, маршо а хуьлда вайн пайхамарна Мухьаммадана, цуьнан доьзална а, цуьнан асхьабашна а!
Iилманан талламашна а, фатва даларна а кхоьллина, хаддаза болх дIахьуш йолу Iеламнехан комитет:
Iабдул-Iазиз бин IабдуллахI бин Баз - комитетан куьйгалхо,
IабдуллахI бин ГIадйан - комитетан декъашхо,
IабдуллахI бин КъаIуд - комитетан куьйгалхочуьнан меттаниг.
Гочдинарг – Турпалан кIант Фарукъ