Оцу шина агIонах бакъахьара ерг ца магош йолу агIо ю: муьлхха а жайна лелор (доьхкуш долу) юкъара хьадисаш бахьанехь - цхьаъ делахь, (кхин вочу ширкашна тIебоьду) некъ дIакъовларан дуьхьа - шиъ делахь. Оцу (дагардиначу) бахьанашца уьш (дегIаца) лелон мегаш дац, ламазехь-м мелхо а.
Iилманан талламашна а, фатва даларна а кхоьллина, хаддаза болх дIахьуш йолу Iеламнехан комитет:
Iабдул-Iазиз бин IабдуллахI бин Баз - комитетан куьйгалхо,
IабдуллахI бин ГIадйан - комитетан декъашхо,
IабдуллахI бин КъаIуд - комитетан куьйгалхочуьнан меттаниг.