«Мажош ялийта, мекхаш дIадаша» (1).
Иштта элчанаша еанчу нийсонера цIарна лолла дечийн а, мушрикийн а новкъа валар а ду иза.
Можан барам, меттан Iилманчаша билгал ма баккхара, иза - юьхьа тIера шина салаз тIера а, чIениг тIера а, шина бесни тIера а чоьш ду, вуьшта аьлча - шина беснина а, шина салазна а, чIенигна а тIе мел яьлларг маж лоруш ю. Цундела цуьнах цхьаерг дIаларгар - Iеса хиларна юкъадогIуш ду, хIунда аьлча элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Мажош ялийта», «Мажош охьахеца», «Мажош дебае», «Мажош Iалашъе».
Оцара билгалдо можах хIуммаъ дIацаста мегаш ца хилар.
Кхин а цхьа хIума-м ду: Iеса хилар-ш а ду вовшех къаьст-къаьстина. Цундела маж ерриге дIаяшар доккха къа лоруш ду, цуьнах жимма дIацастарал а, хIунда аьлча ерриге маж дIаяшар доккха а, ган а гуш долчу Iеса хиларехь сов валар ду, можах цхьаерг дIацастарца дуьстича.
(1) - ал-Бухарий: 5892, 5893. Муслим: 259, 260.
Бух: Шайх Мухьаммад ибн Салихь ал-Iусаймийн «Пайхамаран ламаз дуьйцу жайна» (31 агIо)
Гочдинарг – Турпалан кIант Фарукъ