Жоп:
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна):
«НеIалт аьлла чагIарна, и молучунна, и хIотточунна, и духкучунна, и оьцучунна, цуьнан (йохка-эцар а йина) мах биъначунна, и хьучунна, и шена дохьучунна, ша доккхучунна, шена доккхучунна» (1).
Нагахь оцу белхалочуьнан болх чагIарца юкъаметтиг йолуш а, уьйр йолуш а белахь - оцу хьадисехь ма-аллара, ишттачу пхьортмартне чохь (къахьо кхехко чохь) болх бар хьарам лоруш ду.
Нагахь иза оцу чохь цхьа кхин агIо дIалаьцна болх беш велахь, масала: юург кечъяр, я къахьо кхехкор, я чохь къахьо мелла пхьегIаш йилар, и. дI. кх. а, оцу дийциначунна тIе цуьнан чагIар маларца цхьа а юкъаметтиг а яцахь (я и муьйлуш болучаьрца а, я и лелочаьрца а) - оцу хьолехь цунна къа хуьлуш дац. Делахь а, царех генавалар гIолехь-м ду цунна, хIунда аьлча и болх цунна магийна долу бахьана - цуьнгахь йолу гатто а, цуьнга хIоьттина цаторийла а, цунна кхин болх а, юург лаха кхин хьанал некъ а ца карор дара.
Дика хуург АллахI ву!
Шайх ибн Жибрийн - гIуллакхехь болучарна а, белхалошна а фатваш, 46 агIо.
(1) Ахьмад (2-25, 71), Абу Дауд (3674) «цуьнан (йохка-эцар а йина) мах биъначунна» юкъахь а доцуш, ибн Мажата (3380), уьш боцучара а. Албанис «Сахьихь Абу Дауд» жайнахь «сахьихь» хьадисех а дагардина и (3121).
Гочдинарг – Турпалан кIант Фарукъ