Жоп:
Хьоме ваша! Нагахь хьан долахь, хьо да а волуш, хьаждан тоъал ахча дацахь, хьаждаран Iалашонца декхар даккха декхарийлахь вац хьо. Хьан таро йоцун дела, хьуна тIехь дац хьаждар. Хьаждар - таро йолучарна тIедиллина парз ду. Нагахь санна, хьайна тIехь шира декхар доллушехь, цхьана хIумане а ца хьоьжуш, хьаждан декхар а даьккхина, ахьа и динехь, хьан хьаж – кхочушхилла лорур ду, парз тIерадаьккхинарг а хир ву хьо.
Дика хуург АллахI ву!
Жоп делларг: Шараф бин Iали аш-Шариф,
«Уммул Къуро» университетан хьехархойн кхеташонан декъашхо.
Гочдинарг – Турпалан кIант Фарукъ