Жоп:
Хастам бу АллахIана, Iаламийн Дела волучу!
Оцу дийнахь адамаша къамел муьлхачу маттахь дийр ду хууш дац, я царна шайн Делан къамел муьлхачу маттахь хезар долуш ду а дац хууш, хIунда аьлча, я Сийлахь-Везачу АллахIа а, я Цуьнан элчано а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вайна оцу хьокъехь дийцина хIуммаъ дац.
ЖоьжагIатехь болучийн мотт гIажарийн мотт хир бохург а дац бух болуш, я ялсаманехь болучийн мотт Iаьрбийн мотт хир бу бохург а дац бакъ.
Иштта вайна хууш дац оцу хьокъехь асхьабаша (АллахI реза хуьлда царна) дийцина хIуммаъ. Мелхо а, уьш берриге а юхаийзабелла иштта долу хаттарш дийцаре дарах, оцу хьокъехь ден къамелаш хьашт доцуш долун дела… Амма оцу хьокъехь дийца хIиттина тIаьхьадаьхкиначу чкъоьрийн векалш.
Цхьаболучу наха аьлла: «Цаьрга Iаьрбийн маттахь дийр долуш ду къамел». Вукхара аьлла: «ЖоьжагIатехь болучара гIажарийн маттахь лур долуш ду жоьпаш, жоьжагIатерачеран мотт а хир бу иза».
Кхечара аьлла: «Цаьрга сурйанийн маттахь хир долуш ду къамел, хIунда аьлча иза - Адама къамел дина мотт бу, ткъа дисина дерриге меттанаш цуьнах схьадевлла а ду».
Кхечара аьлла: «Ялсаманехь болучеран Iаьрбийн мотт хир болуш бу».
Дерриге и аларш аьллачийн тIетовжа цхьа а тоьшалла (делил) дац, хуьлда и хьекъалечу маьIнина тIедоьгIна тоьшалла я муьлххачу а цхьана сийлахь-дезачу (КъурIанна я хьадисана) тIедоьгIна тоьшалла. Доллачул хьалха, уьш дерриге а – цхьана а тайпа тIетовжа тоьшалла (делил) доцуш къамелаш бен дац.
Дика хуург Сийлахь-Веза АллахI ву!
Шейхул Ислам ибн Теймия
МаджмуI Фатава, 4/299