• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Iумдатул-ахькам: ламаз жамаIатехь даран дозалла а, ламаз жамаIатехь дар важиб хилар а дуьйцу дакъа

Опубликовано: 14 июня 2013

55. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ЖамаIатехь дина ламаз ткъе ворхIазза дезаха ду цхьаммо, ша а хIоьттина, диначу ламазал а» (ал-Бухари: 645, Муслим: 650). 

56. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стага жамаIатехь деш долу ламаз - цо базарахь я шен цIахь (дечу) ламазал а ткъа дарж сов дезаха хуьлуш ду, хIунда аьлча шух муьлхха а, хьакъ долучу кепара ламаз а эцна, цул тIаьхьа, ламаз дар йоцург кхин Iалашо а йоцуш, маьждиге вахавалахь - иза маьждигна чу кхаччалц йолучу юккъехь хIора цо яьккхиначу гIулчанна дуьхьал, билггал, цхьа дарж лакхавоккхур ву иза, цунна дуьхьал цхьана къинах дIа а цIанвийр ву иза. Шух муьлххачунна а малекаша доIанаш до, ша шен ламаз дина йолучу меттигехь Iаш иза мел ву, ала а олуш: «Я, АллахI! Вазварах хIоттий къинхетам бехьа цуьнах! Я, АллахI! Гечдехьа цунна! Я, АллахI! Къинхетам бехьа цуьнах!». (Стаг) ламазехь волуш санна лорур ву - ламаз доьхку лардеш Iаш иза мел ву» (ал-Бухари: 647, Муслим: 649).

57. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьда цунна) элира аьлла: «Мунепикъашна уггаре а халоха ламазаш пхьуьйран ламаз а, Iуьйран ламаз а ду. Амма, и ши (ламаз маьждигехь жамаIатехь дича хуьлуш йолу ял) шайна хиъча - билггал, голашна тIехь текхаш баьхкина а, оцу ламазашка богIур ма бара уьш. Сан ойла ма хиллера: (нах) ламазе дIа а кхайкхина, тIаккха къамат а дайтина, цул тIаьхьа (хьалха а валий), ламаз де (оцу) нахаца аьлла, (имамалла дар) цхьанна тIе а диллина, тIаккха сайца цхьаьна, керахь дечиган цIевнаш долуш стегарий а эцна, вахана, ламазе цабогIучеран цIенош, буха хIума ца дуьтуш, дагон» (ал-Бухари: 657, Муслим: 252/651).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2023, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft