61. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Билале омра динера: моллалла - шала терахьехь кхайкха, ткъа къамат – шалза терахьехь де» (ал-Бухари: 605, Муслим: 378).
62. Абу Жухьайфа ВахIб ибн IабдуллахI ас-Суваис дийцина: «(Цкъа) Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу веара со. ХIетахь иза шен цIечу басахь долучу неIаран четарна чохь вара. Билал аравелира, (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) ламаз эцна долу хи а карахь. ХIетахь (оцу хих кIеззиг) хIума кхочуш берш а бара, алсамо кхочуш берш а бара, (я шена оьшшучул дакъа кхочуш берш а бара, кхечунна а цхьаьна дакъа даллал сов кхочуш берш а бара). (Ткъа цара и шаьш схьаэцна долу хи шайн ламаз оьцуш юьлучу меженашна тIехьоькхура, беркат лоьхуш). Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аравелира (четарара). ХIетахь цунна тIехь цIечу басахь (сизаш долу) духар дара. ХIинца а, гуш санна, дуьхьал хIуьтту суна цуьнан кIайн ши ност. (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) ламаз ийцира. Ткъа Билал моллалла кхайкхира. БIаьрг а биллина, цуьнан бете хьоьжура со. Цхьана агIор воьрзуш, юха вукха агIор воьрзуш, (шен юьхь) аьтту агIор а, аьрру агIор а дIасахьийзош, олура цо: «Ламазе дуьйла! (Хьаййа Iалас салат). Декъалалле кхача! (Хьаййа Iалал фалахь)». ХIетахь (Билала Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жима гIоьмукъ дIаюьйгIира (лаьттаха). ТIаккха (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)), вахана оцунна улле а хилла, (дацдина) шина ракаIатехь делкъан ламаз дира. Цул тIаьхьа Медне дерззалц йолучу юккъехь шишша ракаIат деш чекхвелира иза» (ал-Бухари: 187, Муслим: 503).
63. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда царна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Билал - буса кхойкхур ву моллалла. ТIаккха шайн хIума а яа, молург а мала - шайна ибн Умм Мактума моллалла кхойкхуш хаззалц» (ал-Бухари: 617, Муслим: 1096).
64. Абу
СаIийд ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайна моллалла кхойкхуш хезча - муаззина олуш
дерриг тIаьхьара ала» (ал-Бухари: 611, Муслим: 383).