• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Iумдатул-ахькам: къилбехьа верзар дуьйцу дакъа

Опубликовано: 24 июня 2013

65. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) эмкалахь - эмкал йирз-йирзиначу агIор дIа а воьрзуш, шен коьртаца ишарш а еш, ламаз дора. Ибн Iумара а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дора иштта».

Кхечу ривайатехь аьла: «Шен эмкалахь витар ламаз дора цо».

Муслиман ривайатехь аьлла: «Амма парз-ламаз ца дора цо (эмкалахь волуш)» (ал-Бухари: 1097-1105, Муслим: 37-39/700).

66. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Къубаъ олучу маьждигехь, нах Iуьйран ламазехь а болуш, царна тIе а вена, цхьана стага аьлла: «Боккъалаъ, Пайхамарна тIе (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIокху буса хаам боссийна, цуьнга омра дина: КаIбехьа верза аьлла. Цундела шу а дерза оцунна тIе». (Оцу хенахь) церан яххьаш Шемехьа ерзийна хилла. Ткъа и (хезча), хьаьвззина КаIбехьа дIабирзина уьш» (ал-Бухари: 4491, Муслим: 526).

67. Анас ибн Сирина дийцина: «Шемара (Басре шен цIа) вогIучу Анасана (АллахI реза хуьлда цунна) дуьхьал даханера тхо. Ткъа цуьнца вовшахкхийтира тхо «Iайн ат-Тамр» олучу меттигехь. ХIетахь суна иза вирахь ламаз деш гира, юьхь (къибланна тIера кхечу) агIор йирзина а йолуш (къибланна аьрру агIор вирзина). Аса хаьттира цуьнга: «Къиблехьа вирзина а воцуш, ламаз деш ма гира суна хьо?!». Цо жоп делира: «Дера, аса дина-м хир дацара и, сайна АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) деш гина ца хиллехь» (ал-Бухари: 1100, Муслим: 702). 

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2022, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft