• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Iумдатул-ахькам: имамалла дар дуьйцу дакъа

Опубликовано: 26 июня 2013

75. IабдуллахI ибн Йазид ал-ХатIми ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, харцлер доцучу ал-Барраъ ибн Iазиба элира аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлча: «АллахIна хезаш ву Шена хастам бийриг!» («СамиIаллахIу лиман хьамидахI!»), тхох цхьа а (сужуде) охьацавоьдура, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сужуде ваххалц. Ткъа иза (сужуде) охьакхаьчначул тIаьхьа - тхо а доьлхура цунна тIаьхьа» (ал-Бухари: 811, Муслим: 474). 

76. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Имама «Амин» аьлча - аша а ала и, хIунда аьлча, бакъдолуш, малекашца цхьана хеннахь и аьллачунна - хьала летийна хиллачу къиношна гечдийр ду» (ал-Бухари: 780, Муслим: 410-409). 

77. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шух муьлхха а цхьаъ (жамаIатан ламазехь) нахана хьалха имам хIоттахь – дацдина дойла цо и, хIунда аьлча царна юккъехь гIийланаш а бу, цомгаш нах а бу, хьашт дерш а бу. Нагахь шух муьлхха а цхьаъ, ша а хIоьттина, ламаз деш велахь - шена ма-лаъара деха дойла цо и» (ал-Бухари: 703, Муслим: 467).

78. Абу МасIуд ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Мухха а цкъа цхьана стага, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, элира: «(ХIай, АллахIан элча!). Iуьйран ламазехь дукха хьело-кха со, хьенеха тхоьца и (ламаз) дукха деха дар бахьана долуш». (Ибн МасIуда аьлла): «Цкъа а ца гинера суна: Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша цхьанна хьехар дечу хенахь, оцу дийнахь санна, чIога оьгIазвахана». Цул тIаьхьа элира цо: «ХIай, нах! Шух цхьаберш (дика Iамалш ярах нах) дIакъехкош бу-кха! Цундела, шух муьлхха а нахана имамалла дечо - (ламаз) дацдойла, хIунда аьлча цунна тIаьхьахIитиначарна юккъехь къенаниш а, кегийнаш а, хьашт дерш а ма бай»  (ал-Бухари: 7159, Муслим: 466).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2021, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft