81. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шен шина белшан локхалле а нисдеш, шен ши куьг хьалаайдора - ламаз дIадоьхкучу хенахь а, рукуIе вахале АллахI воккхавечу хенахь а. Цо и шиъ хьалаайдора рукуIера шен корта хьаланисбечу хенахь а. Циггахь олура цо: «АллахIна хезийла Шена хастам бийриг! Тхан Дела, хастам бу Хьуна!» («СамиIаллахIу лиман хьамидахI!»)» Ткъа цо (куьйгаш) хьалацаайдора сужуде воьдучу хенахь» (ал-Бухари: 735, Муслим: 390).
82. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сужуд - ворхI даьIахканна (меженна) тIе де аьлла, омра дина соьга: хьаьжана тIе а (цигахь, шен куьйг тIе а хьажийна, шен мара гайтира цо), шина куьйганна а, шина гоьлана а, шина а коган пIелгийн юьхьигашна а» (ал-Бухари: 809, Муслим: 230/490).
83. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхем а, маршо а хуьлда цунна) ша ламазе хIуттучу хенахь юьххьехь олура: «Массо хIуманал воккха ву АллахI!» («АллахIу Акбар»). Иштта ша рукуI дечу хенахь а олура цо: «Массо хIуманал воккха ву АллахI!» («АллахIу Акбар»). РукуI дина а ваьлла, букъ хьаланисбечу хенахь олура цо: «АллахIна хезаш ву Шена хастам бийриг!» («СамиIаллахIу лиман хьамидахI!»). Ткъа рукуIера хьала а веана, кхоччуш хьаланисвеллачул тIаьхьа олура: «Тхан Дела, хастам бу Хьуна!» («Роббана, лакал хьамд!»). Цул тIаьхьа: «Массо хIуманал воккха ву АллахI!» олура цо - ша сужуде воьдуш а, цул тIаьхьа цигара корта хьалаайбеш а, ша шозлагIа сужуд дечу хенахь а, иштта цигара корта хьалаайбечу хенахь а. Оцу кеппара чекхволура иза шен дерриге ламазехь а. Иштта «Массо хIуманал воккха ву АллахI!» олура цо - ши ракаIат дина а ваьлла, хиъна волучуьра ша хьалагIоттучу хенахь а» (ал-Бухари: 789, Муслим: 28/392).
84. МутIарриф ибн IабдуллахI иб аш-Шиххира дийцина: «Аса а, Iимран ибн Хьусайна а ламаз дира, Абу ТIалибан кIантана Iелина (АллахI реза хуьлда цунна) тIаьхьа а хIоьттина. Ша сужуде охьавоьдучу хенахь «АллахIу акбар» («АллахI массо хIуманал воккха ву!») элира цо. Сужудера хьалавогIучу хенахь а «АллахIу акбар» («АллахI массо хIуманал воккха ву!») элира цо. Ши ракаIат а дина, хьалагIоттучу хенахь а «АллахIу акбар» («АллахI массо хIуманал воккха ву!» элира цо. Ткъа и ламаз дина ваьлча, сан куьг а лаьцна, Iимран ибн Хьусайна элира: «(Оцу шен ламазца) Мухьаммадан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз дагадаийти-кха цо суна». Я (хIокху кепара элира цо): «Мухьаммада (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) деш ма хиллара ламаз ди-кха цо вайца»» (ал-Бухари: 786, Муслим: 393).
85. Ал-Бараъ ибн Iазиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Мухьаммадан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламазе вехха хьежа хIоьттира со. ХIетахь суна билгалделира: цуьнан ирахь латтар а, рукуIехь а, рукуI диначул тIаьхьа а хьаланисвелча латтар а, сужудехь а, шина сужудана юккъехь а охьахиъна сацар а. Салам даларний, (ламаз дерзийначул тIаьхьа шен цIа) вахарний юккъера хан а, герггарачу хьесапца, йохаллехь цхьатерра нислуш яра».
Ткъа ал-Бухарин хаамехь хIокху кепара аьлла: «…ирахь латтар а, хиъна Iар а доцург, (диссинарг дерриге а), герггарачу хьесапца, дохаллехь цхьатерра нислуш дара» (ал-Бухари: 792-801-820, Муслим: 471).
86. Сабит ал-Баннанис дийцина, Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, дан тарлург дерриге а дийр ду аса, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тхайца ма-дарра шуьца ламаз дархьамма».
Сабита аьлла: «Анаса гуттар а деш цхьа хIума дара, амма шу-м ца го суна и деш: ша рукуIера корта хьалаайбиначу хенахь (сел веха) ирахь лаьттара иза - (цхьаболучарна) сужуде ваха вицвелла-кха хьуна иза аьлла а хеталуш. Шина сужудана юккъехь (сел веха) хиъна Iара иза - (цхьаболучарна) шолгIа сужуд дан вицвелла-кха хьуна иза аьлла а хеталуш» (ал-Бухари: 800-821, Муслим: 472).
87. Анас ибн
Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамаранчул (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дайха а, я дуьззина а ламаз ца дина аса
цхьана а имамана тIаьхьахIоьттина» (ал-Бухари: 708, Муслим: 190/469).
88. Абу Къилаба IабдуллахI ибн Зайд ал-Жарми ал-Басрис дийцина: ХIокху тхан маьждиге Малик ибн ал-Хьувайрис веъначу хенахь, цо элира: «Боккъалаъ, аса шуьца ламаз дийр ма ду. (Сайн) ламаз дан ойла йолуш а, дийр дац аса и. Сайна, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) деш ма-гарра, ламаз дийр ду аса шуьца». ХIетахь аса хаьттира Абу Къилабе: «Ткъа муха дора цо ламаз?». Цо жоп делира: «Оцу вайн шайхо санна дора-кха. Ша сужудера корта хьалаайбича, цкъа хьалагIаттале хьалха охьахуура иза» (ал-Бухари: 677, Муслим: 391).
Цо вуьйцуш волу церан шайх - Абу Язид Iамр ибн Салама ал-Жарми ву.
89. IабдллахI ибн Малик ибн Бухьайна (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Ламаз дечу хенахь Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сел шуьйра дIасадохуьйтура шен пхьаьрсаш, цуьнан шина пхьаьрсана кIеллара кIайллаш гучу а йовлуш» (ал-Бухари: 390, Муслим: 495).
90. Абу Салама
СаIид ибн Йазида дийцина: «Анас ибн Малике (АллахI реза хуьлда цунна) хаттар
дар нисделира сан: «Пайхамара (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) мачаш когахь ламаз дорий-те?». Цо жоп
Делира: «ХIаъ» (ал-Бухари: 390, Муслим: 495).
91. Абу Къатада ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кест-кеста ламаз дар нислора, караэцна АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) йоьIан Зайнабан йоI Умама а йолуш. Ткъа Абу ал-Iас ибн ар-РабиI Iабд Шаса дийцина: «Ша сужуд дечу хенахь – (лаьтта) охьаюьллура цо иза (йоI), ткъа ша хьалавоьдучу хенахь – (юха а) караоьцура цо иза»» (ал-Бухари: 516-5996, Муслим: 543).
92. Анас ибн
Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сужуд дечу хенахь барам ларбе. Шух цхьаммо
а (и дечу хенахь) шен даларш (я пхьаьрсаш) лаьтта тIе охьамадохкийла, жIаьло
санна» (ал-Бухари: 822, Муслим: 493).