97. ал-Бараъ ибн Iазиба (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Цкъа, новкъахь а волуш, пхьуьйран ламаз дечу хенахь шиннах цхьана ракаIатехь цо дийшира: «Дуй буу Аса инжирах а, зайтах а». Цхьа-цхьаъ хезна ма вацара суна цуьначул а хаза аз долуш, я цо санна хаза доьшуш» (ал-Бухари: 769, Муслим: 464).
98. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Мухха а цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьана стеган куьйгаллин кIел тIеман тоба хьажийнера. Ткъа (оцу стага), шен накъосташна хьалха а ваьлла, ша имамалла дечу хенахь даима а шен дешар (хIокху дешнашна тIехь тоам а бой) дерзош хилла: «Ала: «И – АллахI - Цхьаъ ву»». Шаьш юхадирзиначу хенахь, Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цуьнах дерг дIадовзийтича, цо аьлла: «Хатта цуьнга: хIунда деш ду цо и?». Цара цуьнга и хаьттича, цо жоп делла: «Оцу (суратехь хьехош) Къинхетамечуьнан куьцаш ду. (Цундела) суна дукха деза и (сурат) дешар». (Цо аьлларг хиъначу) Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) омра дина (цаьрга): «ДIахаийта цуьнга: Сийлахь-Везачу АллахIна иза дукха везаш вуйла» (ал-Бухари: 7375, Муслим: 813).
99. Жабира
(АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цуна) МуIазе элира аьлла: «Ламаз дечу хенахь ахьа (хIара
сураташ) дешча дикаха хир дара: «Хастае Сийлахь-Везачу хьайн Делан цIе!», «Аса дуй буу маьлхах а, цуьнан Iуьйренан лепарх а!», «Аса дуй буу
буьйсанах, цо [дерриге Iалам
боданца] дIахьулдечу хенахь!»
- хIунда аьлча, хьуна тIаьхьахIиттиначарна юккъехь къенаниг а, заьIапниг а, гIуллакх
(хьашт) дерг а хир ву» (ал-Бухари: 705).