• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Iумдатул-ахькам: вицваларна сужуд дар дуьйцу дакъа

Опубликовано: 30 июня 2013

101. Мухьаммад ибн Сирина дийцина, Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) суьйренан шина ламазах цхьа ламаз дира тхоьца». Ибн Сирина аьлла: «Абу ХIурайрас, цIе а йоккхуш, хьаха а ма дира хьуна (и муьлха ламаз дара), амма со вицвела-кха цунна». Тхоьца ши ракаIат а дина, салам делира цо. Маьждигна пурх Iуьллучу диттан юьхкана тIе а вахана, цунна тIетевжира иза, (тхуна) оьгIазвахана ву-кха хьуна иза аьлла а (хеталуш). Шен аьтту куьг аьрручунна тIедиллира цо, (куьйган) пIелгаш чучча а доьхкира. (Ткъа оцу хенахь) сиханаш маьждиган кевнах арабийла буьйлира, (вовшашца) хеттаре а буьйлуш: «Ванах, (и) ламаз дацдина-те?». (Ламазехь дакъалаьцначарна) юккъехь бара Абу Бакар а, Iумар а. Делахь а (Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) къамеле вала цатигира и шиъ (оцу хьокъехь), шаьшшиъ иза чIогIа лоруш волун дела. Царна юккъехь кхин цхьа стаг а вара, деха куьйгаш а долуш, «ши куьг дерг» олий, шен цIе йоккхуш а волуш. Цо хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! (Цхьана хIуманна) вицвелла-те хьо, я (хIинца хIара) ламаз дацдина-те?». Цо жоп делира: «Суна хIумма а дицделла дац, я ламаз дацдина а дац». Цо элира: «Схьагарехь, вицвелла хьо». Цул тIаьхьа (нахе) хаьттира цо: «(ГIуллакх) ши куьг долучо ма дуьйццу ду, ткъа?». Цара жоп делира: «Ду». ТIаккха, хьалха а ваьлла, юкъахдиссина ракаIат тIе а дина, тIаккха салам а делла, тIаккха «АллахI массо хIуманал воккха ву» («АллахIу акбар») а аьлла, цул тIаьхьа, гуттар а ма-дарра я кхин (жимма) дехоха а деш, сужуд дира цо. ТIаккха (сужудера) шен корта хьала а айбина, юха а «АллахI массо хIуманал воккха ву» («АллахIу акбар») аьлла, юха а изза дешнаш а аьлла, гуттар а ма-дарра я кхин (жимма) дехоха а деш, сужуд дира цо. ТIаккха (сужудера) корта хьала а айбина, «АллахI массо хIуманал воккха ву» («АллахIу акбар») элира цо. ХIетахь (ибн Сирине) хаьттира цара: «Цул тIаьхьа салам делирий-те цо?». Цо жоп делира: «(Халид ал-Хьазама) дийцина суна, Iимран ибн Хьусайна элира аьлла: «Цул тIаьхьа салам делира цо»» (ал-Бухари: 482, Муслим: 573).

102. IабдуллахI ибн Бухьайна (АллахI реза хуьлда цунна) – Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо  ахуьлда цунна) асхьабех хилла ву иза - дийцина: «Цкъа тхьоьца делкъан ламаз дечу хенахь Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ламазах ши ракаIат диначу хенахь, аттахьиййат деша охьа а ца хууш, хьалагIаьттира. Цунна тIаьххье нах а гIевттира хьала. Ламаз дерзийна а даьлла (салам дала герга дахча), салам даларе хьоьжуш нах а болуш, ша хиъна Iаччохь «АллахIу Акбар» олуш, салам далале шозза сужуде а вахана, цул тIаьхьа салам делира цо» (ал-Бухари: 1224, Муслим: 570).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft