• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Iумдатул-ахькам: цхьацца ламазех дерг дуьйцу юкъара дакъа

Опубликовано: 03 июля 2013

110. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ламаз дан вицвеллачо - шена дага ма деъана, дойла иза. И доцург кхин бехк такхар дац цунна. (ТIаккха) Сийлахь-Везачу АллахIан дешнаш дийшира цо: «…ламаз де - Со дагаваийтархьамма»*».

* Цуьнан чулацам иштта бу: ламаз хьайна тIехь хилар дага ма деъана хьайн ламаз де.

Муслиман хаамехь хIокху кепара ду: «Нагахь муьлхха а цхьаъ ламазна вицлахь, я наб кхетта виссахь - цуьнан бехк такхар, шена и дага ма деъана, (цо и ламаз) дар ду» (ал-Бухари: 598, Муслим: 684). 

111 . Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «МуIаз ибн Жабала (АллахI реза хуьлда цунна) АллахIан элчанца цхьаьна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) пхьуьйран ламаз а дой, цул тIаьхьа шен къам (тайпа) долучу дIа а воьдий, изза ламаз, царна (хьалха имам а хIуттий), юха а дора цо» (ал-Бухари: 700, Муслим: 181). 

112. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Оха АллахIан элчанца цхьаьна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз дечу хенахь, тхоьх цхьаболучара дукха йовхонна шайн хьаьжаш лаьтта тIе охьацадилладелча, шайн духарийн йистонаш сужудаш дечче бухатуьйсура» (ал-Бухари: 359, Муслим: 516). 

113. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьаммо а цхьана духарахь (кучахь) ламаз ма дойла - цуьнца къайлаяькхина белш а йоцуш» (ал-Бухари: 359, Муслим: 516).

114. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Я саьрмасекх, я хох биънарг - тхуна юьстах лаьттийла (я тхан маьждигна юьстах волийла иза), шен цIахь хиъна Iойла иза». (Жабира дийцина): «(Цкъа Пайхамарна) яй беанера, хасстоьмаш чохь. Цьунах йогIу вон хьожа хааеллачу цо хаьттина: «(ХIун ю оцу яй чохь ерг?)». Шена оцу чохь болучу хасстоьмийн цIераш охьаягарйича, цо омра дина: (и яй цигахь) шеца цхьаьна хиллачу шен асхьабех цхьанна тIехилабе аьлла. (Оцу чохь ерг) гиначу хенахь, шена иза а цуьнах вухаваьлла гича, (Пайхамара) аьлла: «Ахьа яа ахьа, хIунда аьлча, боккъалаъ, со къамелашка вуьйлуш ву, хьан цаьрца къамелашка вийла йиш йоцуш болучаьрца»» (ал-Бухари: 855, Муслим: 73/564).

115. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Саьрмасекх, я хох, я жовхIар-хох биънарг - хIуъа хилча а тхан маьждигна герга ма вогIийла, хIунда аьлча, боккъалаъ, Адаман тIаьхьенна навкъарло хуьлуш долучух малекашна а хуьлу новкъарло» (Муслим: 74/564).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2022, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft