117. Iабд ар-Рахьман ибн Лайлас дийцина: «Цкъа КаIб бин Iужрат (АллахI реза хуьлда цунна) кхеттера суна дуьхьал. ХIетахь цо хаьттира: «Аса цхьа совгIат де хьуна?». Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тхо долучу чувелира. Оха хаьттира цуьнга: «ХIай, АллахIан элча! Хьоьга салам муха дала деза хIинцале а хиънера тхуна, ткъа хьуна салават муха дилла деза оха дийцахьа?». Цо жоп делира: «Ала: «Я, АллахI! Мухьаммадах а, цуьнан доьзалах а къинхетам бе Ахьа - Айхьа ИбрахIимах а, ИбрахIиман доьзалах а къихетам баре терра. Хастам бан хьакъ верг, Сийлахьниг ву Хьо! Я, АллахI! Мухьаммадана а, цуьнан доьзална а беркат де Ахьа - Айхьа ИбрахIимна а, ИбрахIиман доьзална а беркат даре терра. Хастаме, Сийлахь ву Хьо! («АллахIумма солли Iала Мухьаммадин ва Iала али Мухьаммадин, кама соллайта Iала ИбрахIима, ва Iала али ИбрахIима, иннака Хьамидун, Мажид, ва барик Iала Мухьаммадин ва Iала али Мухьаммадин кама барактата Iала ИбрахIима, ва Iала али ИбрахIима, иннака Хьамидун Мажид)» (ал-Бухари: 6357, Муслим: 406).
118. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гуттар а доIа дора, (хIокху деа хIуманах ларвар доьхуш): «Я, АллахI! Кошан Iазапах ларве Ахьа со, иштта ЖоьжагIатин Iазапах а, дахаран а, Iожаллин а питанах а, ал-Масихь ад-Дажжалан питанах а» («АллаахIумма инни аIузу бика мин Iазабил къабри, ва Iазабин-нар, вамин фитнатил махьйа вал мамати, вамин шарри фитнатил масихьид дажжали»).
Муслиман ривайатехь аьлла: «Шух муьлхха а цхьамма ташаххIуд дешча - АллахIе ша деа хIуманах ларвар доьхийла (хIокху кепара): «Я, АллахI! ЖоьжагIатин Iазапах ларве Ахьа со…..» (ал-Бухари: 1377, Муслим: 128-I31/588).
119. IабдуллахI ибн Iамр ибн ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Абу Бакар ас-Сиддикъа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцира, АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийхира ша аьлла: «Сайн ламазехь деша доIа Iамадехьа суна». Цо элира: «ХIокху (кепара дешнаш) ала: «Я, АллахI! Айса-сайна дукха зуламе хилла со. Къиношна гечдийриг вац-кха Хьо воцург - лохьа суна хьайн гечдар. Къинхетам а бехьа соьх, хIунда аьлча Хьо ву-кха – Гечдийриг, Къинхетамбийриг» («АллахIумма инни заламту нафси зулман касиран вала йагIфируз зунуба илла анта, фагIфир ли магIфиратан мин Iиндика вархьамни, иннака антал гIафурур рахьим»)» (ал-Бухари: 834, Муслим: 2705).
120. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега «АллахIера гIо а, толам а беъча» аьлла долу (сурат) доьссиначул тIаьхьа, (хIара доIа) ца доьшуш цхьа а ламаз ца дира: «Ала хIума доцуш, цIена ву Хьо, я АллахI! Тхан Дела, хастам бу Хьуна! Я АллахI, гечдехьа суна!» («Субхьанак АллахIумма, раббана ва бихьамдик! АллахIуммагIфирли!»).
Кхечу ривайатехь аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен рукуIашкахь а, сужудашкахь дуккха а (хIара доIа) дора: «Ала хIума доцуш, цIена ву Хьо, я АллахI! Тхан Дела, хастам а бу Хьуна! Я АллахI, гечдехьа суна!» («Субхьанак АллахIумма раббана, ва бихьамдик! АллахIуммагIфирли!») (ал-Бухари: 794, Муслим: 219-218-217/484).