126. Абу Бакар Iабд ар-Рахьман ибн ал-Хьарис ибн ХIишаман азатхочо Суммис дийцина, Абу Салихь ас-Саммана а, Абу ХIурайрас а (АллахI реза хуьлда цунна) дийцира аьлла: «(Цкъа) АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а баьхкина, мискачу мухIажарша элира: «ХIай, АллахIан элча! Хьоладайшна кхочур долуш ду-кха уггаре а лакхара даржаш а, гуттар а лаьтта долу зовкхаш а». Цо хаьттира: «ХIун бахьана долуш?». Цара жоп делира: «Ламазаш до цара, оха санна, марханаш а кхобу цара, оха санна. (Оцунна тIе) бахамаш а бу церан сагIина бала, тхан боцуш болу. Лоллех лайш маьрша а боху цара, и дан тхан таро йоцуш долу». ХIетахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «Аса цхьа хIума Iамаде шуна, (нагахь аша и кхочуш) дахь - шайл хьалха дIабаханачарна тIаьхьа а кхуьун долу, шул тIаьхьабогIучарех цхьа а шуна тIаьхьа а кхуьун воцу, шуна юккъехь шул а дикаха цхьа а хин воцу, нагахь цара а аша диннарг деш дацахь?». Цара жоп делира: «Дийцахь (тхуна, хIун ду иза) хIай, АллахIан элча!». Цо элира: «ХIора ламазна тIаьхьа ткъе кхойттазза «ТIехсийлахь ву АллахI (СубхьаналлахI)», «АллахIна хастам бу (Алхьамду лиллахI)», «АллахI массо хIуманал воккха ву (АллахIу акбар)» ала».
(ХIара хьадис дийциначу) Абу Салихьа аьлла: «Цул тIаьхьа юха а мискачу мухIажарша, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а баьхкина, аьлла: «ХIай, АллахIан элча! Оха динарг хаза а хезна, хьолахоша а деш ду-кха изза». ХIетахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Иза – АллахIера совгIат ду, Цо Шена лиъначунна луш». Сумаййа аьлла: «Сайн охIланах цхьаьнга аса и хьадис хьахийначу хенахь, цо элира: «Нийса ца кхетта хьо, (хIунда аьлча цо иза) хIокху кепара аьлла: «Ткъе кхойттазза «ТIехсийлахь ву АллахI (СубхьаналлахI)» ала, ткъе кхойттазза «АллахIна хастам бу (Алхьамду лиллахI)» ала, ткъе кхойттазза «АллахI массо хIуманал воккха ву (АллахIу акбар)» ала»». Цул тIаьхьа аса, Абу Салихь волучу а вахана, цуьнах дерг цуьнга хьахийначу хенахь, цо элира: «Ала: ««АллахI массо хIуманал воккха ву (АллахIу акбар)», «ТIехсийлахь ву АллахI (СубхьаналлахI)», «АллахIна хастам бу (Алхьамду лиллахI)», оцу (кхаа зуькарах) хIора а ша-ша ткъе итт-иттанга кхаччалц»» (ал-Бухари: 843, Муслим: 595).
127. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), бес-бесара суьрташца хаздина, (керлачу) духарехь ламаз диначу хенахь, цуьнан бIаьрахьаьжар оцу тIамаршна (суьрташна) тIедогIаделла. Ша ламаз дина ваьлча, цо омра дина: «ХIара сан духар, Абу ЖахIманна юха а хьой, цунна дуьхьал амбижани (1) духар да суна, хIунда аьлча сан ойла ламазна тIераяьккхира цо хIинца»» (ал-Бухари: 373, Муслим: 556).
(1) ТIехь
суьрташ а, тIамарш а йоцуш, цхьана бесара а долуш, тIергIан морса духар.