• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Iумдатул-ахькам: рузбанах дерг дуьйцу дакъа

Опубликовано: 23 июля 2013

132. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Цкъа Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) пIерасканан дийнахь рузбанехь хутIба деш а волуш, цхьа стаг маьждигна чувелира. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира цуьнга: «Ахьа ламаз диний, хьенех?». Цо жоп делира: «ХIан-хIа!». ТIаккха цо элира: «Хьала а гIаттий, ши ракаIат де»». 

Кхечу ривайатехь аьлла: «Хьала а гIаттий, ши ракаIат ламаз де» (ал-Бухари: 930, Муслим: 875). 

133. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ирахь ши хутIба дора, юккъехь охьа а хуий, и шиъ дIасакъастош» (ал-Бухари: 920, Муслим: 861). 

134. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь ахьа хьайн накъосте, къамел сацаде (къамел ма де) алахь, - рузбанан ламазан йолах волуш ву хьо» (ал-Бухари: 934, Муслим: 851). 

135. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ПIерасканан дийнахь лийча а лийчина, хьалхарачу сохьтехь (дийнан юьххьехь, маьждиге рузбанан ламазе) ваханарг - эмкал сагIина елларг санна ву, цул тIаьхьа ваханарг – етта сагIина белларг санна ву, цул тIаьхьа ваханарг – маIаш йолу уьстагI сагIина белларг санна ву, цул тIаьхьа ваханарг – котам сагIина елларг санна ву, цул тIаьхьа ваханарг – хIоа сагIина делларг санна ву. Ткъа имам чуваьлча, Дела хьехоре ладегIа хIуьтту малекаш» (ал-Бухари: 881, Муслим: 850). 

136. Салама ибн АкваIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина (диттана бухахь байIат диначарех вара иза): «АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна рузбанан ламаз дора оха. Ткъа цул тIаьхьа, тхо дIасадоьлхучу хенахь, кIел хIитта пенойн IиндагIа а ца хуьлура». 

Кхечу ривайатехь аьлла: «Оха АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна рузбанан ламаз дора - малх стигалан юккъера (зенитера) дехьабаьлча. Цул тIаьхьа юхадоьрзура тхо - делкъал тIаьхьенан IиндагIа каро а гIерташ» (ал-Бухари: 4168, Муслим: 860).

137. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) пIерасканан дийнахь Iуьйран ламазан (хьалхарачу ракаIатехь) «Алиф. Лам. Мим. Танзил» («Саждат» (цIе йолу сурат) доьшура, ткъа шолгIачу (ракаIатехь) – «ХIал ата Iалал инсани» («ал-Инсан» цIе йолу сурат) доьшура» (ал-Бухари: 891, Муслим: 879-880).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2025, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft