• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Iумдатул-ахькам: шина Iийдан ламазаш дуьйцу дакъа

Опубликовано: 24 июля 2013

140. Жундуб ибн IабдуллахI ал-Бажалис (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гIурбанаш дойъучу дийнахь ламаз дира. Цул тIаьхьа, хутIба а дина, урс а хьаькхна, тIаккха элира цо: «Ламаз дале хьалха гIурба дийначо - цуьнан метта кхечу уьстагIна урс хьокхийла. Ткъа хIинца а гIурба денза волучо - АллахIан цIарца (шен гIурба) доьйла» (ал-Бухари: 985, Муслим:1-2/1960). 

141. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (марханаш дастаран) Iийдан дийнахь ламаз дечу хенахь цаьрца нисвелла со. Моллалла а ца кхойкхуш, къамат а ца деш ламаз дарна тIера дIаволавелира иза, хутIба а дале хьалха. Цул тIаьхьа Билална тIетевжина, дIа а хIоьттина, (нахе) омра дира цо. Сийлахь-Везачу АллахIах кхерарца, Цунна муьтIахь хиларна тIе а хьийхира цо, хьехам а бира цо нахана, (АллахIан бакъонех царна оьшург) дага а даийтира цо. Цул тIаьхьа, зударшна тIе а вахана, цаьрга элира цо: «ХIай, зударийн тоба! СагIанаш дахалаш, хIунда аьлча жоьжагIати ягон долу дукхаха долу дечиг шу хир долуш ду». ХIетахь, зударшна юккъера хьала а гIаьттина, Iаьржочу басахь беснеш йолучу цхьана зудчо хаьттира: «ХIунда, хIай, АллахIан элча?». Цо жоп делира: «Аша латкъамаш дукха бар бахьанехь а, дахарехь майрачо (диначу диканна) баркалле цахилар бахьанехь а». (Жабира) дийцина: «СагIина дIаяла буьйлабелира уьш шайн хаздергаш (еза хIуманаш). Шайн (лергара) чIагарш а, (пIелгашкара) мухIарш а Билалан куча тийсира цара» (ал-Бухари: 978, Муслим: 885).

142. Умм IатIыййа Нусайб ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Тхоьга (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) дина омра дара: шина Iийдан дезачу деношкахь гIеметтахIитта гергабахана болу йоьIарий а, кирхьанна тIехьа къовлабелла болу йоьIарий а, цIано йоьхна болу зударий а арабаха аьлла. Амма цо омра дира цIано йоьхна болучу зударшка: бусалба наха ламаз дечу меттигна дехьа совца аьлла». 

Кхечу хьадисехь хIокху кепара аьлла: «Iийдан дийнахь арадовла олий, омра дора тхоьга. Кирхьанна тIехьа (дIахьулбелла) болу йоIстегарий бовлура ара, цIано йоьхнарш а бовлура ара. Делахь а, уьш нахана тIеххьа совца безаш бара. (Наха) олучу хенахь «АллахIу акбар» эра ду цара, цара санна доIанаш а дийр ду цара, оцу дийнан беркате а, (оцу дийнахь къинойх) цIанбаларе а сатесна» (ал-Бухари: 351-971, Муслим: 890).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2023, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft