• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Iумдатул-ахькам: догIа дехаран ламаз дуьйцу дакъа

Опубликовано: 30 июля 2013

147. IабдуллахI ибн Iасим ал-Мазинис дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) догIа дехаран ламаз дан ваха аравелира. Къилбехьа вирзира иза, АллахIе доIа деш. Шена тIера палаш тIекIелъяьккхира цо. ТIаккха ши ракаIат ламаз дира цо. Оцу (шина ракаIатехь) КъурIан хозуьйтуш а дийшира цо».

Кхечу ривайатехь аьлла: «…ламаз деш йолучу меттиге вахара иза» (ал-Бухари: 1024-1027, Муслим: 894). 

148. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана пIерасканан дийнахь Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), нахана хьалха дIа а хIоьттина, хутIба деш а волуш, цхьа стаг маьждигна чу велира. Вахана АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) юьхьа-дуьхьал дIа а хIоьттина, элира цо: «ХIай, АллахIан элча! Бахамаш а хIаллакьхилла тхан. Ваха-ван а цатарлуш, доьхна дIахIиттина некъаш а ду тхан. ДоIа дехьа АллахIе - вай кIелхьара дохуш, догIа даийтар доьхуш». Ткъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шен куьйгаш доIанна хьала а лаьцна, элира: «Я, АллахI! ДогIа даийтахьа тхуна! Я, АллахI! ДогIа даийтахьа тхуна! Я, АллахI! ДогIа даийтахьа тхуна!» («АллахIумма агIысна! АллахIумма агIысна! АллахIумма агIысна!»). «ВаллахIи» аьлла, АллахIах чIагIо ма йо аса: оцу хенахь стигалахь тхуна гуш я марханаш а ма яцара, я цхьана тайпана кхоларш а ма яцара. Оцунна тIе, тхуний, СалI ломанний юккъехь цхьана тайпана я цIенош а, я кхин гIишлош а ма яцара. ЦIеххьашха оцу ломанна тIехьара цхьа марха схьагучуелира, кхалкханчух тера кеп а йолуш. Ткъа иза, яхана стигална юккъе дIа а хIоьттина, яьржжина дIаса а яхана, тIаккха догIа делхийра цо. «ВаллахIи» аьлла, АллахIах чIагIо ма йо аса: оцул тIаьхьа нийсса ялх дийнахь малх ма ца гира тхуна! Цул тIаьхьа рогIерачу пIерасканан дийнахь АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), дIахоьттина хутIба деш а волуш, цхьана стага, юха а оццу неIарехула маьждигна чу а веана, АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дуьххьал дIа а хIоьттина, элира: «ХIай, АллахIан элча! Хьал-бахам хIаллакьхилла тхан, дIасаваха таро йоцуш. Некъаш а хедда тхан. АллахIе доIа дехьа, догIа сацаде алий!». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), юха а шен куьйгаш хьала а лаьцна, элира: «Я, АллахI! Тхуна гондIашхула даийта Ахьа, тхуна тIе а ца доуьйтуш! Я, АллахI! ДогIа – баьрзашна а, гунашна а, хершашна чу а, боьранашка а, дитташ тIедовлучу а даийта Ахьа». Цул тIаьхьа догIа дIа а сецира. Ткъа тхо, ара а девлла, хьаьжна малх а болуш, дIасадахара». ХIара хьадис дийциначарех волучу Шарика Анасе хаьттира: «Дуьххьара веана стаг варий и шолгIа веънарг а?». Анаса жоп делира: «Ца хаьа суна» (ал-Бухари: 1013, Муслим: 897).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2022, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft