151. Жабир ибн IабдуллахI
ал-Ансарис (АллахI реза хуьлда цунна)
дийцина: «АллахIан элчанца (АллахIера къхинхетам а, маршо а хуьлда цунна)
цхьаьна вара со - цо кхераман ламаз дечу хенахь. Тхо АллаIан элчанна (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлд цунн) тIаьхьа дIахIиттира,
шина могIаре а нисделла. Оцу
хенахь мостагI - тхуний,
къилбанний (Маккиний) юккъехь лаьтташ вара. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна),
«АллахIу Акбар» а аьлла,
АллахI воккха вира. Цунна
тIаьххье оха массара
а дира цо диннарг. Цул тIаьхьа рукуI дира цо. Цунна тIаьххье оха массара а дира рукуI. Цул тIаьхьа рукуIера хьалавеара иза. Оха а дира изза. Цул
тIаьхьа иза а, цуьнца цхьаьна хьалхара могIа а сужуде охьабахара. Ткъа шолгIачу
могIарехь берш мостагIчунна юьхь-дуьхьал лаьттира. Пайхамар (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сужуд дина ваьллачу хенахь хьалхарачу
могIарера бусалба нах сужудера хьалагIевттира. Цул тIаьхьа сужуде бахара шолгIачу
могIарехь лаьттинарш. Уьш хьалабаьхкиначу хенахь хьалхарачу а, тIаьххьарачу а
могIаршкахь берш шайн меттигашкахь хийцабелира. Цул тIаьхьа Пайхамара
(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) рукуI дира. ТIаккха оха массара а
дира рукуI. Цул тIаьхьа рукуIера хьаланисвелира иза. Оха а дира изза. Цул
тIаьхьа сужуде вахара иза, цуьнца цхьаьна хьалхарачу могIарехь берш а. Ткъа уьш
- хьалхара ракаIат дечу хенахь шолгIачу могIарехь хилларш бара. Ткъа шолгIачу
могIарехь хилларш - мостагIчунна дуьххьал лаьтташ бара. Пайхамар а (АллахIера
къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), хьалхарачу могIареранаш а сужуд дина
бевлча, шолгIачу могIарехь лаьттачара а, охьа а бахана, сужудаш дира. Цул
тIаьхьа Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салам делира. Цунна
тIаьххье оха а делира саламаш» (ал-Бухари: 4125, Муслим: 840).