• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Iумдатул-ахькам: велларг дIаверзор а, тезет латтор а дуьйцу дакъа

Опубликовано: 03 августа 2013

Оццу хьадисан кхечу хаамехь дуьйцу, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «…я ворхIазза». ТIаккха элира цо: «Цуьнан аьтту агIонна а, ламаз оьцучу хенахь юьлуш йолучу меттигашна а тIера дIадолор аша иза лийчор».

Умм IатIыййас аьлла: «ХIетахь оха цуьнан месех кхо кIажар а йира» (ал-Бухари: 1256-1257-I259, Муслим: 939). 

157. IабдуллахI ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Iарп ломахь лаьтташ волу цхьа стаг, цIеххьашха шен эмкална тIера чу а воьжна, ворта а кагьелла, велира. ХIетахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Хица а, сидраца а лийчаве иза. Марчонна шен (ихьраман дихкина долу) ши духар а хьарчаде цунна. Амма хаза хьожа йогIург а ма хьакхаялийта цуьнах, я корта а ма хьулбе цуьнан дIа, хIунда аьлча, боккъалаъ, къематдийнахь, «лаббайк» бохуш, гIаттор волуш ву иза»». 

Кхечу хаамехь аьлла: «Я юьхь а, я корта а ма хьулбе цуьнан дIа» (ал-Бухари: 1265, Муслим: 1206). 

158. Умму IатIыййас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Тхуна (зударшна) дихкина дара декъийн барамаш новкъа дахар (я барамашна тIаьхьахIиттина дахар). Амма чIогIа чIагIдина дацара и» (ал-Бухари: 1278, Муслим: 938). 

159. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ницкъ ма-кхоччу сихха велларг дIахьо. ХIунда аьлча, нагахь велла стаг дика адам хиллехь – цунна гIолехь хир ду чехкка оцу аша дIавига лериначу меттиге дIакхачор. Нагахь иза иштта ца хиллехь - (чехкка) шайн вортанашна тIера вон охьадуьллу аша» (ал-Бухари: 1315, Муслим: 944). 

160. Самура ибн Жундуба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIаьхьа а хIоьттина, цхьана зудчунна докъан ламаз дира аса, бер диначул тIаьхьа, оьхучуьра цIий а ца сецна, елла хилла йолучу. Ткъа иза – цуьнан докъанна юккъе хIоьттира дIа» (ал-Бухари: 1331, Муслим: 964). 

161. Абу Мусас – IабдуллахI ибн Къайса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) юкъаметтиг йоцуш цIена ву – мохь хьоькхучарех, (месаш) йошучарех, духар этIочарех» (ал-Бухари: 1296, Муслим: 104). 

162. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цомгаш хиллачу хенахь, цуьнан хIусамнанойх цхьамма шена Эфиопехь гина цхьа килс йийцира. «Марийат» олуш яра и (килс). Умм Саламат а, Умм Хьабиба а (хIижратан некъ а эцна) Эфиопе яхана хилла. Цаьршимма йийцина оцу (килсан) хазалла а, оцу чохь хилла суьрташ а. ХIетахь (АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)), шен корта хьала а айбина, элира: «Шайн цхьа дика стаг велча, цуьнан кошана тIехь зихIарт (маьждиг) дугIу цара, оцу чохь цуьнан суьрташ а дохку. АллахIна гергахь са чохь долучу хIуманех уггаре а вониш бу уьш»» (ал-Бухари: 1341, Муслим: 528).

163. Абу IабдуллахI ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Тхох вац - беснеш тIе тIараш (ка) деттарг, шена тIера духар этIориг, Iесан заманан кхайкхамаш бийриг» (ал-Бухари: 1294, Муслим: 103).

164. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, ша цуьнах кхелхиначу лазарехь а волуш, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан неIалт хуьлда жуьгташна а, керстанашна а - шайн пайхамарийн кешнаш Iибадат ден меттигаш ярна!».  

(Iайшата) аьлла: «И дацахьара, йиллиначу меттигехь дIавоьллина хир волуш вара иза. Амма и ца дина, хIунда аьлча лаьтташ кхерам болун дела - цуьнан кошах зихIарт (маьждиг) дан тарлуш» (ал-Бухари: 1330, Муслим: 21/530). 

165. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Докъан ламаз даллалц тезетахь сецначунна - цхъа къиратI ял хир ю, (велларг) дIаволлалц Iийначунна – ши къиратI ял хир ю». Цуьнга хаьттира: «Ши къиратI хIун ю?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «ТIехбоккхачу шина ломах терра а йолуш, йоккха хIума ю»».  

Муслиман хаамехь аьлла: «Цаьршиннах хIора а Ухьуд лам санна а йолуш» (ал-Бухари: 1325, Муслим: 945).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2021, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft