(1) Хьадисан а, фикъхIан а, меттан а охIланан цхьабарт болуш ду: ШарIо лоруш йолу цхьа укъи - шовзткъа дирхIам хилар, ткъа пхи укъи - ши бIе дирхIам нисло тIаккха. Ткъа детин хIокху заманан барамашца аьлча, детин цхьа укъи – 595 гараме нислуш ду.
(2) ХIокху заманан барамашца аьлча, цхьа васкъ – кхузткъа сахь лоруш ду. ХIета, буьртиг-ялтин а, стоьмийн а закат дала деза барам – кхо бIе сахь нисло. ХIокху заманан терзанан барамашца цхьа сахь – кхаа кийлане нисло, ткъа иза – ледарло йоццург а аьлла, герггарачу хьесапехь баьккхина барам бу. ХIета, кхо бIе сахь – 900 кийлане нисло.
168. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда царна) элира аьлла: «Бусалба стагана тIехь дац шен лайнна а, говранна а тIера закат далар».
Кхечу ривайатехь аьлла: «Лай долахь волучу дена тIедиллина дац шен лайнна тIера закат далар, мархин сахь доцург» (ал-Бухари: 1464, Муслим: 982, Абу Дауд: 1594).
169. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дийнато (йина чов, дина зен) меттахIоттон дезаш дац, я гIуна чу йоьжнарг а, я маьIда доккхийлехь (хилла зен, лазийнарг) а, ткъа хазнина тIера – пхоьалгIа дакъа даладеза» (ал-Бухари: 1499, Муслим: 1710).
170. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iумар вахийтинера сагIа (закат) схьагулдан. Цхьамма элира: «Закат схьадала ца тиги ибн Жамил, Халид ибн Валид, Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ден ваша Iаббас». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Ибн Жамилана новкъарло йийриг хIун ду-те (закат дIадала)? Къен хилла ма вара иза, ткъа Сийлахь-Везачу АллахIа хьал долуш ма вина иза. Халидах дерг аьлча, харцо ю аша цуьнца лелош ерг: шен гIагIнаш а, иштта (кхин болу) тIеман гIирсаш а ма бай цуьнан АллахIан новкъахь гIазотана хьажийна латтош. Ткъа Iаббасах дерг аьлча, цунна тIера и закат а, оцунна тIе кхин оццул а аса дала деза». Цул тIаьхьа элира цо: «ХIай, Iумар! Хьуна ца хаьа, стеган ден ваша да санна ларош вуйла?»» (ал-Бухари: 1468, Муслим: 983).
171. IабдуллахI
ибн Зайд ибн Iасим ал-Мазинис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIа, Хьунайн
гIазот долучу дийнахь, шен Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) кара хIонс кхачийра. Ткъа цо иза нахана а, иштта дегнаш (бусалба дине)
озон лаам хиллачарна а юккъехь дIасайийкъира. ХIетахь (оцу хIонсах) цхьа а
дакъа ца дира цо ансарашна. Ткъа нахана динна дакъа шайна цадарна гIеххьа гIайгIане
бахар нисделира ансарийн. ТIаккха хутIба дира Пайхамара (АллахIера къинхетам а,
маршо а хуьлда цунна): «ХIай, ансарийн
тоба! Нийсачу некъах а тилла, ца карийнера суна шу - цул тIаьхьа соьгахула
АллахIа шу нийсачу новкъа а нисдеш? Уьйраш а йоцуш, декъаделла дацара шу - цул
тIаьхьа соьгахула АллахIа, юккъехь уьйраш а йина, цхьаъ дина дIахиттош? Къен а
дацара шу - АллахIа шун хьал тодеш?». Цо цхьаъ моссазза эли а, цара олура: «АллахIера а, Цуьнан элчанера а дукха
дерриге дика!». Цо элира: «ХIета, хIун
ду, ткъа, АллахIан элчанна жоп дала шуна новкъарло йийриг?». Цара элира: «АллахIера а, Цуьнан элчанера а дукха
дерриге дика!». Цо элира: «Шайна
лаахь, ала йиш йолуш-м ду-кхий шу: хIара а, иза а аьлла. Реза дац шу: нах
уьстагI а, эмкал а эцна дIа а бахийтина, ткъа шаьш шайн Пайхамарца цхьаьна шайн
хIусамашка дерза? ХIижрат ца хиллехьара, билггал, ансарех цхьаъ хир ма вара со.
Нах цхьана боьра я чIоьжа боьлча, (ткъа ансараш кхечу боьра я чIоьжа боьлча),
билггал, ансараша къастийна болу боьра я чIож хоржур ма дара аса. Ансараш –
чухула духу духар ду, ткъа кхин болу нах – тIехула духург ду. Со дIаваьллачул тIаьхьа,
(цхьаболучара нехан) юкъара хьаккъаш шайна пайдехьа хьийзон гIерташ зама тIехIуттур
ю шуна. Цундела собарца чекхдовлалаш, шаьш соьх цхьана «Хьавд» татолана уллохь
схьакхетталц»» (ал-Бухари: 4330, Муслим: 1061).