172. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) парз дина тIедиллира мархин сахь (я рамадан беттан сахь элира цо): стегаршна а, зударшна а, (лоллех) маьршачарна а, лайшна а тIера - якъийначу хурманийн цхьа сахь я мекхан цхьа сахь». (IабдуллахI ибн Iумара) аьлла: «Ткъа наха (хурманийн а, мекхан а цхьана саьхьца нисдира) кIен ах сахь, жимачунна а, иштта воккхачунна а тIера».
Кхечу хьадисех хIокху кепара аьлла: «(Цо омра дира: мархин саьхьаш) нах Iийдан ламазе баха арабовлале даха аьлла» (ал-Бухари: 1503, Муслим: 984).
173. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу хенахь саьхьаш дохура оха: кхачанан сурсатех цхьа сахь, я якъийначу хурманех цхьа сахь, я мекхах цхьа сахь, я нехчанах (кIолдах) цхьа сахь, я кишмашех цхьа сахь. Ткъа МуIави (Медината) веанчу хенахь, Шемара (дохьу) кIа даржа а даьржиначу хенахь, цо элира: «Боккъалаъ, Шемарчу кIен цхьа мудда хурмийн шина мудде нислуш ду аьлла хета суна»».
Цул тIаьхьа Абу СаIида (АллахI реза
хуьлда цунна) аьлла: «Ткъа со-м хIинца
а, айса Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу хенахь ма
даккхара, доккхуш ву и закат» (ал-Бухари: 1508, Муслим: 18/985).