Кхечу ривайатехь ТIабаранис оцунна тIе тоьхна: «…АллахIе гечдар деха а деза цо» (ал-БайхIакъи: 14966).
943. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина. Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийна а волуш, цIано йоьхначу муьрехь шен зуда йитинера цо. Ткъа цуьнах лаьцна Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттича, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делла: «Омра де цуьнга: юха а ялаяй, йоьхначу цIанонах цIанъелла а ялийтий, юханехьа цуьнан рогIера цIано йохаран мур болабаллалц шена гергахь сацае (иза) алий. Ткъа цул тIаьхьа, иза цIанъелча: зуда а йина шен долахь йита йиш ю цуьнан иза; шена лаахь, ша цуьнах кхетале (хьакхавалале) хьалха, йитина шен долара яккха йиш йолуш а ву иза и. Иштта ю, зударий буьтучу хенахь ларъе аьлла, АллахIа омра дина къастийна йолу хан» (хIара хьадис ал-Бухарис: 5251, Муслима: 1471, далийна).