• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Зуда йитар

Опубликовано: 17 апреля 2011

929. IабдуллахI ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина. Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийна а волуш, цIано йоьхначу муьрехь шен зуда йитинера цо. Ткъа цуьнах лаьцна Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттича, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делла: «Омра де цуьнга: юха а ялаяй, йоьхначу цIанонах цIанъелла а ялийтий, юханехьа цуьнан рогIера цIано йохаран мур болабаллалц шена гергахь сацае (иза) алий. Ткъа цул тIаьхьа, иза цIанъелча: зуда а йина шен долахь йита йиш ю цуьнан иза; шена лаахь, ша цуьнах кхетале (хьакхавалале) хьалха, йитина шен долара яккха йиш йолуш а ву иза и. Иштта ю, зударий буьтучу хенахь ларъе аьлла, АллахIа омра дина къастийна йолу хан» (хIара хьадис ал-Бухарис: 5251, Муслима: 1471 далийна).  

Муслиман ривайатехь дийцина: «Юха а ялаяй, цIанончохь йолуш я бераха йолуш йита алий омра де цуьнга» (Муслим: 1471).

Бухарин ривайатехь дийцина: «Цкъа йитар лерира и».

Цул тIаьхьа ибн Iумаре (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) цхьана стага, цIано йоьхна а йолуш, шен зуда йитина аьлла дийциначу хенахь, цо аьлла: «Нагахь ахьа иза дуьххьара я шозлагIа йитина елахь - АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цуна) соьга дина омра ду: «Иза юха а ялаяй, юха а рогIера цIано юху мур тIекхаччалц лар а яй, оцу цIано йохарах дIацIанъяллалц хьоьжуш а Iай - тIакха хьайн цуьнца меттахь догIу гIуллакх дале йита йиш ю хьан иза. Нагахь ахьа иза кхоазлагIа йитина елахь - хьайн Дала хьайга хьайн зуда йитаран хьокъехь диначу омрина Iеса хилла хьо» (хIара хьадис Муслима далийна: 1471).

Оцу хьадисан, IабдуллахI ибн Iумара дийцира аьлла, аз-Зубайра дийциначу кхечу ривайатехь аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега зуда юхаялае аьлла омра а дина, юхаялаяйтира. Иза (йитар) - цхьана а хьесапе ца лерира цо. Цул тIаьхьа элира цо: «Иза цIанъелча - йита а йитина, шен долара яккха а, я шен зуда а йина долахь йита а йиш ю цуьнан» (Муслим: 1471).

930. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу заманчохь а, урхаллехь Абу Бакар (АллахI реза хуьлда цунна) хиллачу шерашкахь а, иштта урхаллин мукъ Iумарехь (АллахI реза хуьлда цунна) болучу хьалхарачу шина шарчохь а (зуда) тIеттIа кхузза йитар - цкъа йитаре терра лоруш хилла. Цул тIаьхьа Iумара аьлла: «Сихаллехь сацамаш бан боьлла-кха нах - сих а ца луш, къастон дезаш долучу гIуллакхашкахь. Ткъа дахарехь лелон стенна ца доккху вай цара сихо еш дерг?». Оцу кеппара (стага шен зуда цхьана метта кхузза йитича, и) зудий, майрий хадам боллуш вовшах къастон (дезаш ду аьлла) сацам тIеийцира цо» (Муслим: 1472).

931. Махьмуд ибн Лабида (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьана стага, шен зуда тIеттIа кхузза йитина аьлла, хаам биначу хенахь, оьгIазвахначу цо, хьала а гIаьттина, аьлла: «Боккъалаъ, АллахIан Жайница бегаш беш дохку-те шу - хIинца а со шайна юккъехь а волуш?!». ТIаккха асхьабех цхьамма, хьала а гIаьттина, аьлла: «ХIай, АллахIан элча! Ве аса иза?» (ХIара хьадис ан-Насаис далийна: 3401. Хьадис дийцинарш теша хьакъ бу).

932. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цьунан дена а) дийцина: «Абу Руканас шен зуда Умм Рукана йитича, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла цуьнга: «Хьайн зуда юхаялае!». Цо жоп делла: «Кхузза йитина ма яй ас иза». Цо аьлла: «Хаьа суна. Юхаялае иза!».  

Ахьмадан ривайатехь дийцина: «Абу Руканана, шен зуда цхьана метта (тIеттIа) кхузза йита а йитина, цул тIаьхьа цуьнах дагахьбаллам хиллера цунна. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а уьлда цунна) аьлла цуьнга: «И (кхоъ дерриге) – цкъа йитар лоруш ду» (хьадис дийциначарех цхьаъ ибн Исхьакъ ву, шех лаьцна динан Iилманчийн цхьаьна ца догIуш, дуьхь-дуьхьал аларш хилла волу).

Абу Дауда далийначу кхечу ривайатехь дийцина: «Абу Руканас хадам боллуш шен зуда СухIайма йитинера. Цул тIаьхьа цуьнах дерг пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дIа а довзийтина, цо элира: «Аса дуй буу АллахIан цIарах: сан дагахь хилларг - цкъа йитар бен ма дацара». ТIаккха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) зуда юхаялон бакъо елира цунна». ХIара хьадис дийциначеран зIе гIолехь ю кхул хьалхарачу хьадисачул а (Абу Дауд: 2196, 2260. Ахьмад: 1/265).

933. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинъетам а, маршо а хуьлда цуна) элира аьлла: «Кхо хIума ду бегашна аьлча а - боккъал аьлча санна кхетош, забарна аьлча а - боккъал аьлча санна кхетош. Уьш -  стаггий, зудий, мах а бина, цхьаьнатохар, зуда йитар, (йитина зуда) юхаялор ду» (ХIара хьадис Абу Дауда: 2194, ат-Тирмизис: 1184, ибн Мажас: 2039 далийна. Ткъа ал-Хьакима: 2800 бакъ хьадис ду аьлла хIара).

Цуьнах тера хьадис ибн Iадис далийна. Оцу хьадисехь иштта аьлла: «Уьш – зуда йитар, лаьш маьршабахар, стаггий, зудий, мах а бина, цхьаьнатохар ду» (ибн Iади: 5/6).

Иштта цуьнах тера хьадис ал-Хьарис ибн Абу Усама а далийна. Iубадат ибн ас-Самита (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Кхаа хIуманца ловза мегаш дац. Уьш – зуда йитар, стаггий, зудий, мах а бина, цхьаьнатохар, лаьш маьршабахар ду. Нагахь цхьамма шен маттехула муьлхха а царех цхьаъ аьллехь - ткъа и цо аьлларг цо ма-аллара кхочуш хилла лору». ХIара хьадис дийциначеран зIе а ю гIийла (Муснад ал-Хьарис «Заваид ал-ХIайтами»: 1/555).

935. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинъетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, Сийлахь-Везачу АллахIа сан умматна гечдеш ду - церан синоша царна хьоьхуш йолучу ойланашна, цара (оцу шайн синоша шайна хьоьхуш дерг) дан ца дичахьана я (маттехула) схьацааьлчахьана» (хIара хьадис ал-Бухарис: 5269, Муслима: 127 далийна).

936. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинъетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, Сийлахь-Везачу АллахIа сан умматна гечдина - гIалаташ а, дицдалар а, шайн лаамна дуьхьал ца бевлла цаьрга дайтинарг» (ХIара хьадис ибн Мажас: 2045, ал-Хьакима: 2/198 далийна. Ва амма ал-Хьатима хIара бакъ хьадис дац аьлла).

937. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина, пайхамара (АллахIера къинъетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь стага шен зуда шена хьарам йинехь - цо и шен дешнаш тергаме эца дезаш дац». Цул тIаьхьа аьлла цо: «АллахIан элчанехь тIеххаза масал хилла шуна» (ал-Бухари: 5266).

Муслиман ривайатехь аьла: «Нагахь стага шен зуда шена хьарам йинехь - и дешнаш дуй лоруш бу, бохийча тIера каппарат даккха дезаш» (Муслим: 1473).

938. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «ал-Жовнан йоI АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) маре яханера. Иза цуьнца ша а йиссина, иза шена гергагIоьртиначу хенахь цо аьлла: «АллахIца ларло со хьоьх!». Цо аьлла: «Сийлахь-Воккхачуьнга дийхи ахьа хьо ларъяр - хьайн денцIа юхаерза хьайна» (ал-Бухари: 5254).

939. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийицна, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Мах а бина, долаяьллачул тIаьхьа бен зуда йитар а дац боккъале лоруш. Я долаваьллачул тIаьхьа бен лай маьрша витар дIакхойкхор а дац боккъале лоруш».

ХIара хьадис Абу ЯIлас далийна, ткъа ал-Хьакима бакъ хьадис ду а аьлла хIара. Амма кхин болучу динан Iилманчаша хаам бина: оцу хьадисан хьулдина сакхт ду аьлла. Кхуьнах тера хьадис, дика зIе а йолуш, ибн Мажас а далийна, ал-Мисвар ибн Махрама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина аьлла. Делахь, иза а ду иштта хьулдина сакхт долуш (ал-Хьаким: 2/204, ибн Мажа: 2048).

940. Iамр ибн ШуIайба дийцина, шен дас а, дендас а (АллахI реза хуьлда царна) дийцира, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Адаман тIаьхьено шен долахь доцучу хIуманехь нузар дан ца деза, шен долахь воцу (лай) лоллера маьршаваккха а ца веза, шен долахь йоцу зуда йита а ца еза» (ХIара хьадис Абу Дауда: 2190, ат-Тирмизис: 1181 далийна, ткъа тIаьхьарачо бакъ хьадис ду а аьлла хIара. Ал-Бухарис аьлла: хIара оцу хьокъехь дийциначарех уггаре а бакъ хьадис ду).

941. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АлахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Къоламо дIаяздеш дац кхаа тайпана адамо дийриг: вижиначо – самаваллалц; жимачо – иза кхиъалц, кхетамчуьра ваьллачо – хьекъалчу валлалц я метта валлалц» (ХIара хьадис Ахьмада: 6/100, Абу Дауда: 4398, ан-Насаис: 6/156, ибн Мажас: 2041, ибн Хьиббана: 142 далийна. Ткъа ал-Хьакима: 2/59 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2021, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft