57. Савбана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (гIазотан гIуллакхна) тIеман тоба хьажийнера. Цигара шело бахьанехь чIогIа халонаш лайна хиллера цара. Шаьш Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу юхабирзиначу хенахь (бусалба наха далхийра цуьнга и гIуллакх). Ткъа цо масхье де аьлла, омра дира цаьрга - шайн чалбанашна тIе а, маьхьсешна тIе а» (ХIара хьадис далийнарш Ахьмад: 1878, Абу Дауд: 146. Ткъа ал-Хьакима: 1/275 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
58. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шух цхьамма, ламаз а эцна, шен маьхьсеш кога йоьхнехь - царна тIехула масхьа а дай, шен ламаз дойла цо. Нагахь лийчар тIедоьжна вацахь, шена лаахь когара уьш дIацаяха йиш йолуш а ву иза» (ХIара хьадис далийнарш ад-ДаракъутIни: 1/205, ал-Хьаким: 1/181. Ткъа тIаьххьарачо бакъ хьадис ду а аьла хIара).
Оццара далийна, цуьнах тера а долуш, шен зIе асхьабна тIехь сецна (зIе юкъахъяьлла) хьадис, Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла.
59. Абу Бакра (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз а эцна кога йоьхначу маьхьсешна тIе масхьа дан магийра - кхаа дийнахь-бусий некъахошна, цхьана дийнахь-бусий шайн цIахь болучарна» (ХIара хьадис далийнарг ад-ДаракъутIни ву: 1/204. Ткъа ибн Хузйама: 1/96 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
60. Убай ибн Iимара (АллахI реза хуьлда
цунна) дийцина: «Аса цкъа Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда
цунна) хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Маьхьсешна тIехула масхьа дан мегаш
дуй суна?». Цо жоп делира: «Ду».
Цо хаьттира: «Цхьана дийнаххьий?». Цо жоп делира: «ХIаъ». Цо
хаьттира: «Ткъа шина дийнахь?». Цо жоп делира: «ХIаъ». Цо
хаьттира: «Ткъа кхаа дийнахь?». Цо жоп делира: «ХIаъ, хьайна лаахь,
мел дукха а масхьа дан йиш ю-кха хьан» (ХIара хьадис далийнарг Абу
Дауд ву: 158. ЧIогIа дац а аьлла цо хIара).