32. IабдуллахI ибн Зайд ибн Iасима (АллахI реза хуьлда царна) дийцина: «Цхьана стага (IабдуллахI ибн Зайде) хаьттира: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз муха оьцура гайта таро хир ярий хьан суна?». IабдуллахI ибн Зайда жоп делира: «ХIаъ». Цул тIаьхьа, хи дал шена аьлла, омра а дина, ткъа хи схьадеъначу хенахь, кIеззиг хи шен куьйгашка а доьттина, шозза дилира цо уьш. ТIаккха кхузза бага а, мерачу а кхаьрзира цо хи. Цул тIаьхьа кхузза шен юьхь йилира цо. Цул тIаьхьа, шоз-шозза буьлуш, шен ши пхьарс билира цо голашка кхаччалц. Цул тIаьхьа шен коьртана масхьа дира цо – ший а куьг хьалхара тIехьа дIахьокхуш, юха тIехьара хьалханехьа схьахьокхуш. ТIаккха шен ши ког билира цо».
Кхечу ривайатехь аьлла: «Шен коьртана хьалххара дIадолийра цо масхьа дан - ший а куьг кIесаркIаг чу кхаччалц дIадигира цо, цул тIаьхьа и шиъ юханехьа дигира цо, ша (масхьа) дIадоллийначу меттиге кхаччалц. ТIаккха шен ши ког билира цо» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 185, Муслим: 235).
33. IабдуллахI ибн Iамра (АллахI реза хуьлда цунна а, цьунан дена а) ламаз муха эца деза довзуьйтуш дийцина: «Цул тIаьхьа (АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) шен коьртана масхьа дира. ТIаккха шен хьажопIелгаш лергашка а доьхкина, шен нанапIелгаш лергашна тIехьа тIехула тIехьаькхира цо» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 135, ан-Насаи: 140. Ткъа ибн Хузайма бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
34. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьаъ наб а йина самаваьлча - кхузза мара цIанбойла цо, хIунда аьлча шайтIано цуьнан меран Iуьргашкахь буьйса йоккху» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 3295, Муслим: 238).
35. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьаъ наб а йина самаваьлча - шен куьг пхьегIина чу ма Iоттуьйла цо кхузза диллалц, хIунда аьлча цунна ца хаьа шен куьйго буьйса мичахь яьккхина» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 162, Муслим: 237. Ткъа хьадисан дIаяздар Муслиминиг ду).
36. ЛакъытI ибн Сабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Хьакъ долучу кепара (эца ма-деззара) ламаз эца, пIелгийн яккъаш йила, леррина (хи кIоргге а кхачош) мара а цIанбе, нагахь хьо марха долуш вацахь» (Абу Дауд: 142, 144. Тирмизи: 788, ан-Насаи: 87, ибн Мажа: 448. Ткъа ибн Хузайма: 150 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
Абу Даудан кхечу ривайатехь аьлла: «Айхьа ламаз оьцучу хенахь бага хи кхарза».
37. Iусман ибн Iаффана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Ламаз оьцучу хенахь Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) пIелгашцаний шен маж къажйора» (ХIара хьадис далийнарг ат-Тирмизи ву: 430. Ткъа ибн Хузайма: 1/86 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
38. IабдуллахI ибн Зайда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (ламаз эца) муддан* кхаа декъах шиъ хи деанера. Ткъа цо цуьнца леррина, ши куьг а хьокхуш, шен пхьаьрсаш дилира» (ХIара хьадис далийнарг Ахьмад ву: 16006. Ткъа ибн Хузайма: 1/62 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
* Мудд – хIокху заманан барамашца аьлча - 620 гараме нисло.
39. IабдуллахI ибн Зайда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен лергаш цIандан кхин хи оьцуш гира суна, цо шен коьртана масхьа дан лелийнарг а доцуш (хIара хьадис, дийциначеран цIена зIе а ягарьеш, ал-БайхIакъис далийна: 1/196).
Муслиман ривайатехь аьлла: «Цул тIаьхьа шен коьртана масхьа дан керла хи ийцира цо, шен куьйгахь диссина хилларг а доцуш» (Муслим: 236).
40. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Къематдийнахь сан умматеранарш богIур болуш бу - хьаьжашна тIехь лепаш кIайн седарий а долуш, куьйгашна тIехь лепаш кIайн чIагарш а йолуш, ламаз эцна ларраш бахьанехь хIиттина. Нагахь шух муьлххачуьнга а и лепар алсамдаккхалахь - дойла цо иза» (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 136, Муслим: 246. Ткъа хьадисан дIаяздар Муслимниг ду).
41. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) мачаш тIеюхуш а, можана ехк хьокхуш а, ламаз оьцучу хенахь а, муьлхха а кхидолу гIуллакхаш дечу хенахь а - аьтту агIонна тIера дIадолор дукха дезаш вара» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 168, Муслим: 268).
42. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шаьш ламаз оьцучу хенахь - шайн аьтту агIонашна тIера дIадоладе» (ХIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 4141, ат-Тирмизи: 1766, ан-Насаи: 5/482, ибн Мажа: 402. Ткъа ибн Хузайма: 1/91 бакъ хьадис ду а аьлла хIара).
43. Ал-МугIира ибн ШуIбас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз оьцучу хенахь шен кIужална а, чалбина а, маьхьсешна а тIе масхьа дира» (хIара хьадис далийнарг Муслим ву: 274).
44. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Хьаж дечу хенахь Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «АллахIа доллийначунна тIера дIадоладе аша а» (хIара дешнаш ан-Насаис: 5/236 омрин хормехь далийна, ткъа Муслима: 1218 – дийцаран хормехь).
45. Жабир ибн IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша ламаз оьцучу хенахь голашна тIехула массанхьа а леррина хи кхачийтира» (ХIара хьадис далийнарг ад-ДаракъутIни ву. Амма хьадис дийциначеран зIе гIийла лерина ю).
46. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ламаз дина ца лору - ламаз эцна воцучо. Ламаз эцна а ца лору - АллахIан цIе цаяьккхиначо» (ХIара хьадис, дийциначеран гIийла зIе а ягарьйеш, Ахьмада: 9137, Абу Дауда: 101, ибн Мажас: 399 далийна).
Ат-Тирмизис а далийна цуьнах тера хьадис, СаIид ибн Зайда а, Абу СаIид ал-Худрис а дийцина аьлла. Ткъа Ахьмада аьлла: оцу хаттаран хьокъехь теша хьакъ долуш цхьа-цхьаъ хаам бац (Ат-Тирмизи: 25. «Ал-Iилал ал-Кабир» жайнахь юха а ат-Тирмизи: 1/112)
47. ТIалхьа ибн Мусаррифа (АллахI реза хуьлда цунна) шен дегара а, дендегара а дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (ламаз оьцучу хенахь) хи, бага шенна, мерачу шенна вовшехкъастош, кхорзуш гира суна» (хIара хьадис, дийциначеран гIийла зIе а ягаръеш, далийнарг Абу Дауд ву: 139).
48. Абу ТIалибан кIанта Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) ламаз оьцучу хенахь бага а, мерачу а хи кхаьрзира, ша цхьана канахь схьаэцна долу хи бага а, мерачу а кхорзуш (хIара – Абу Дауда а: 111, ан-Насаи а: 95 далийначу деххачу хьадисах дакъа ду).
49. IабдуллахI ибн Зайда (АллахI реза хуьлда цунна), пхьегIара хи шен куьйга а доьттина, кхузза уьш дилира. Цул тIаьхьа юха а, пхьегIана чуьра хи канахь схьа а эцна, цхьана канара хи бага а, мерачу а кхаьрзира цо. Ткъа иза кхузза а дира цо. Цул тIаьхьа кхузза юьхь йилира цо. ТIаккха голашца цхьаьна шозза пхьарсаш дилира цо. Юха а, пхьегIара хи а эцна, цкъа масхьа дира цо шен коьртана, куьйгаш хьалхара тIехьа а дохуьйтуш, юха тIехьара хьалха а далош. Цул тIаьхьа хьакхолгашца цхьаьна шен когаш дилира цо (ХIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 186, Муслим: 235).
50. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьа стаг гира - когана тIехь хи хьакхадаланза мIаранал меттиг йисина. ХIетахь цо элира цуьнга: «Вало, юха а верзий, эца ма-деззара хьайн ламаз эца» (ХIара хьадис далийнарг Абу Дауд ву: 173. Амма ан-Насаис дийцина дац хIара хьадис. Хьажа: «Ат-Талхис» 1/29).
51. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ламаз оьцучу хенахь цхьа мудд хи дайира (леладора), ткъа луьйчучу хенахь - цхьана сахьана тIера пхеа сахьана тIе кхаччалц» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 201, Муслим: 325).
52. ХаттIабан кIанта Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь шух муьлххачо а, эца ма деззара ламаз а эцна, цул тIаьхьа (хIара доIа) дешахь: «Аса тоьшалла до АллахI воцург кхин дела цахиларца. Ша цхьаъ ву И, Шеца накъост а воцуш. Аса юха а тоьшалла до Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а хиларца» («АшхIаду ан лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIу лá шарúка лахIу, ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIу ва расýлухI») - цунна хьалха, билггал, ялсаманин барххIе а неI схьайоьллур ма ю – царех шена луъучу неIарехула иза чувахийта» (хIара хьадис далийнарш Муслим: 234, ат-Тирмизи: 255).
Ткъа ат-Тирмизин ривайатехь оцу тIе аьлла: «Нагахь шух муьлххачо а, эца ма деззара ламаз а эцна, цул тIаьхьа (хIара доIа) дешахь: «Аса тоьшалла до АллахI воцург кхин дела цахиларца. Ша цхьаъ ву И, Шеца накъост а воцуш. Аса юха а тоьшалла до Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а хиларца. Я, АллахI! Тоба дечарех а, (тIехулахь а, кийрахь а) цIано лелочарех а ве Ахьа со» («АшхIаду ан ла илахIа иллаллахIу вахьдахIу ла шарика лахIу, ва ашхIаду анна мухьаммадан IабдухIу ва расулухIу. АллахIуммажIални минат-таввабина, важIалнии миналь-мутатIаххIирина») - цунна хьалха, билггал, ялсаманин барххIе а неI схьайоьллур ма ю – царех шена луъучу неIарехула иза чувахийта (хIара хьадис далийнарг ат-Тирмизи ву: 255).