18. Маймуна (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) уьстагI текхош бохкучу нахана ша уллохула волуш элира: «Аша цуьнан цIока шайна схьаэцнехь гIолехь дара шуна». Ткъа цара элира: «Къебелла бу и». Цо элира: «Хино а, акказин гIаша а дIацIанйо иза» (хIара хьадис далийнарш Абу Дауд: 4126, ан-Насаи: 4248).
19. Абу СаIлаб ал-Хушанис (АллахI реза хуьлда цунна), ша цкъа хаьттира аьлла, дийцина: «ХIай, АллахIан элча! Жайнин (китабан) охIланан махкахь дехаш ду тхо. Церан пхьегIашна чохь хIума яа мегар дуй тхуна?». Цо жоп делира: «Царна чохь ма яалаш, нагахь шаьш уьш йоцург кхиниг йоцуш ца диссахь. Ткъа уьш бен кхин яцахь - цкъа хьалха, уьш йила а йилий, тIаккха яа» (хIара хьадис далийнарш ал-Бухари: 5478, Муслим: I930).
20. Iимран ибн Хьусайна (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цуьнан асхьабаша а ламаз ийцира мушрик-зудчуьнан кита чуьра хица» (хIара ал-Бухарис: 344, Муслима: 682 далийначу деххачу хьадисах цхьа дакъа ду).
21. Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кад кагбеллера. Ткъа цо цуьнан иккхина йолу меттиг детин сераца юьйцира (дIакъевлира)» (хIара хьадис далийнарг ал-Бухари ву: 3109).