Шолгlа Дакъа
Хьажан арканаш йиъ ю
1. Нигат а деш, ихьрам т1едохар.
2. lарп-ломахь сацар (я lап-ломахь мел яьккхина а хан яккхар).
3. Хьажцlан гонаш дахар (тlаваф дар).
4. Сафа а, Марва а олучу шина ломан юккъехь йортахь дlасаидар.
Кхоалгlа Дакъа
lумратан арканаш
кхоъ ю
1. Ихьрам дохар.
2. Хьажцlан гонаш дахар (тlаваф дар).
3. Сафа а, Марва а олучу шина ломан юккъехь йортехь дlасаидар.
4. Корта башар я месаш ларгал, lелимнеха шина жоьпах
бакъхьа долчун тlедоьгlна.
Доьалгlа дакъа
Хьажан важибаш – арканаш йоцург – кхоъ ду
1. Хьаж - микъатера дlадехкар.
2. Кхузза тlулгаш кхиссар.
3. Корта башар.
Пхоьалгlа дакъа
Хьажан суннаташ ворхl ду
1. «ал-ифрад». Иза - lумратал хьалха ша хьаж дар ду.
2. Лаббайк бахар.
3. Макка чу кхачар бахьанехь
деш долу тlаваф дар.
4. Муздалифахь буьйса яккхар.
5. Тlаваф дина ваьлча шиъ ракаlат суннат ламаз дар.
6. Мина олучу тогlехь буьйса яккхар.
7. (Новкъа вала дагахь Маккара араволучу хенахь) lодика йаран тlаваф дар
Хьаж доьхкучу хенахь боьрша стаг ларвала
везаш ву тегна хlума тlедохарха. Гlодаюккъера охьа лахе дlакъовлуш кlайн цхьа чкъоррий, дисина дегl д1акъовлуш
шолгlа чкъоррий тlедоха деза.
Йолхалгlа дакъа
Хьаж
дечунна итт хlума хьарам ду
1. Тегна хlума тlедохар.
2. Стегаршна коьрта хlума тиллар, ткъа зударша - юьхь къайлаяккхар.
3. Корта шарбар.
4. Корта башар.
5. Мlараш хедор.
6. Хаза хьожа йогlу хlума тохар я хьакхар.
7. Экха дер.
8. Захало деш мах бар.
9. Зудчух кхетар (зудчуний, майрачунний ойхьаз юкъаметтиг лелар).
10. Асаре ваьлла (я дегlан лаамаца) зудчух хьакхавалар.
Нагахь хьаждархочуьнгара цу ягар йиначех муьлхха а цхьа (хьарамло)
ялахь, гlуда хьерча цунах, зудчуний, стаганий мах бар доцучу тlера. Хьаж дохош дац
– зудчуьнца ойхьаза гlуллакх даро а бен. Доьхнера аьлла, саца а
цадеш, (диснарг деш) дlачекхвала веза и.
Нагахь (хьаждийриг) lарп-ломахь саца ца ларийнехь, (хьаж)
даста а даьстина, lумрат дан волалур ву и. Ткъа и доькхуш дар а, гlуда такхар а тlехь дуьсу цунна. Нагахь
муьлхха а цхьаьннан (хьажан важибех цхьа) важиб юкъахдиснехь, гlуда хьаьрча цунах.
Нагахь цхьам цхьа суннат юкъахдитнехь, и юкъахдиснера аьлла, хlумма а ца хьаьрча
цунах.
Ворхlалгlа дакъа:
Хьаж дихкиначух хьаьрчаш долу гlуданаш пхеа кепара ду:
Хьалхарниг: Важиб долу бехк такхар (гlуда такхар) ду. Иза - омра динарг юкъахь
дитар бахьанийца хьаьрчаш дерг ду. Ткъа и тlера даккхаран некъ,
тlаьхьа йогlучу рогlехь нисдина хила деза: (Дуьххьара:) цхьана уьстагlна урс хьакха деза.
Ткъа нагахь уьстагl ца карабахь. Итт дийнахь марханаш кхаба деза, царех кхоъ хьажин цlаххьий, ворхl шен цlавирзичий.
Шолгlаниг: Я корта башар, я зовкх хьегар (я дегlана там лехар) бахьанехь
хьаьрчина гlуда ду. Ткъа иза – масийттанах хьйна луъург цхьаъ харжа бакъо йолуш
ду; я уьстагlна урс хьакхар, я кхаа дийнахь марханаш кхабар, я ялх мисканна кхо
сахь сагlийна далар.
Кхоалгlаниг: Цаваьлла хьаж юкъахдалар (я хьаж дан
боьду некъ къовлар) бахьанехь тlедужуш долу гlуда ду: хьаж даста
а даьстина, совгlат-сагlийна урс хьаькхна, цхьа уьстагl дlабекъа беза.
Доьалгlаниг: Экха дер бахьанехь хьаьрчаш долу гlуда ду. Ткъа иза – масийттанах хьайна луъург цхьаъ
харжа бакъо йолуш ду; нагахь дийначу экханан дегlехь хьайба (эмкал,
бежин, уьстагl) далахь, хьайбанашна юккъера дегlехь цунах терачун
(урс а хьакхна, хьармахь болу мисканашна а, пекъаршна а) сагlийна дlадоькъур ду. Я оцу
дийначу экханан мах а хадийна, цуьнан мехах дуург эцна, сагlийна дlадоькъур ду. Я хlора муддан тlера цхьацца марха
кхобур ду.
Ткъа нагахь оцу дийначу экханах тера хьайба дацахь, цуьнга нислучу
мехах дуург сагlийна лур ду, я хlора муддан тlера цхьацца марха
кхобур ду.
Пхоьалгlаниг: Зудчуьнца ойхьаза гlуллакх лелар
бахьанехь хьаьрчаш долу гlуда ду. Ткъа иза – тlаьхьа йог1учу рогlехь нисдина хила
деза: (Дуьххьара) эмкал ю. Нагахь эмкал яцахь, етта бу. Нагахь етта бацахь,
ворхl уьстагl. Ворхl уьстагl хила агlо а бацахь, эмкалин
мах хlоттийна, цуьнан мехах дуург эцна, и сагlина дlалур ду. Ткъа
нагахь иза а дацахь, хlора муддан тlера цхьацца марха
кхобур ду.
Совгlат-сагlа а, гlудан-даар а хьармахь дlадекъча а бен мегаш дац. Амма марха кхаба бакъо ю, шена луъучехь. Хьармара экха ден ца мега, я цигара дитташ хедон ца мега. И ца магар хьаж деш волучунна а, хьж деш воцучунна а цхьатерра ду.
Гочдинарг: Турпалан кlант Фарукъ

