• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

Сафинату ан-нажат: марха кхабар дуьйцу жайна

Опубликовано: 24 августа 2013

Шолгlа дакъа

Марха кхабар нийса лорун долу бехкамаш биъ бу

1. Бусалба хилар.

2. Хьекъал чохь хилар.

3. Цlано йохарха а, иштта и санна долучуха а цlена хилар.

4. Марха кхаба магийначу денойх де дуйла билгал хилар.

 

Кхоалгlа дакъа

Марха кхабар парз хилла тlедужу бехкамаш пхиъ бу

1. Бусалба хилар.

2. Гlеметтахlоьттина хилар.

3. Ницкъ кхачар.

4. Могуш хилар.

5. Некъахь ца хилар.

 

Доьлгlа дакъа

Мархин арканаш кхоъ ю

1. Хlора парз мархан буса нигат дар.

2. Массо а марха дохочу бахьанех ларвалар, нагахь (и шен марха хиларна) вицвелла а вацахь, шен лаамехь а валахь, бехказло йолу боданечу нахах а вацахь.

3. Марха кхобуш верг хилар.

 

Пхоьалг1а дакъа

Марха дохийначо дандезарг

Марха доькхуш кхаба а деза, цу тlе капарат даккха а деза, цу тlе таlзар дан догlу, дуьззиначу дийнахь къахьаьрчаш долучу хенахь зудчух кхетта шен марха дохийначунна,.

Марха декха а дезаш, (хенан хьурматан) хlума ца юуш саца а везаш ялх хан ю:

1. Рамазан баттахь бакъо а йоцуш шен марха дохийначунна догlуш ду и, ткъа кхеча хенашкахь дохийначунна догlуш дац.

2. Парз мархана буса нигат ца диначунна а.

3. lуьйкъе ен хан дlаяланза ю моьтташ хlума юуш lийна, цул тlаьхьа хlума яа йиш йолу хан тlехтилла хилар бигладаьллачунна а.

4. Малх дlабуьзна баьлла моьтташ марха а даьстина, дlабуьзна ца хилар билгалдаьллачунна а.

5.  Шаlбана беттан ткъе итталгlа ду моьттина хилла де рамазан беттан денойх хилла хилар билгалдаьллачунна а.

6. (Ламаз оьцучу хенахь) бага а, мерачу а кхорзуш долу хи, тlех кlорге чуозар бахьанехь кийра иккхиначунна а.

 

Йолхалгlа дакъа

Марха дохош долу бахьанаш

1.  Делах валар, динах валар.

2. Зударийн цlано йохар.

3. Бер динчул тlаьхьа цlаньяллалц богlу мур.

4. Бер дар.

5. Хьеравалар, мел кlеззигчу ханна валахь а.

6. Ша-шен лелийначу бахьанашца иэсах валар, нагахь дерриг дийнахь кхетам чу ца вогlуш лаьттинехь а.

7. Шен лаамехь (къаркъа мелла) вахар, нагахь дерриг дийнахь вехначуьра метта ца вогlуш лаьттинехь а.

 

Ворхlалгlа дакъа

Марха ца кхабаран тайпанаш

Рамзан баттахь марха ца кхабар диъ тайпана ду:

1. Важиб дерг ду; цlано йоьхначу зударшна а, бер диначул тlаьхьа цlанло мур токхучарна а догlуш ду и.

2. Мегаш дерг ду: некъахошна а, цомгушчарна а догlуш ду и.

3. Лакхахь хьахийначу шиннах доцург ду: хьераваьллачунна догlуш ду и.

4. Хьарам дерг ду: Рамзан беттан марханаш декхар тlаьхьатеттиначунна догlуш ду и, шен уьш кхаба аьтто хиллашехь а, ткъа хlинца декха вольчи а хан тоьар йоцуш.

 

Борхlалгlа дакъа

Марха дохор диъ декъе декъало

1. Декхар а, цуьнца цхьана капарат такхар а тlедужуш дерг ду. Ткъа иза шина тайпа нахан догlу;

- Кхечунна хила тарлуш болу кхерам а, бохам а бахьанехь дохийначунна а.

- Аьтто боллушехь рогlера мархин бутт тlекхаччалц дlабаханчу мархин беттан дисина марханаш ца кхобуш lийначунна а.

2. Марханаш декхачахьана долуш дерг ду, капарат даккха а ца дезаш. Дукхачу хьолехь эгаш дерг и ду; Ткъа иза иэсах воьхнарг санначарна догlу.

3. Капарат дала догlург ду, марха декхар тlе а ца дужуш; Ткъа иза воккха стаган догlуш дерг ду.

4. Лакхахь дийциначех цхьанна юкъа ца догlург ду;  Ткъа иза ша лелийна бахьана а доцуш, хьераваьллачунна догlу.     

 

Уьссалгlа дакъа

Кийра яхча а марха ца дохош ворхl тайпа хlума ю

1. Марха хиларна вицвелла кийра яхнарг ю.

2. Марха дохош йуй ца хаар бахьанехь кийра яхнарг ю.

3. Цхьам ша кхерам кlел хlоттийча ца ваьлла кийра яхитийтинарг ю.

4. Дlакхосса аьтто ца нисбалар бахьанехь, цергашна юкъахь йисина хилла туйцанни кийра яхана юучуьнан цуьргех хlума ю.

5. Кийра яхана йолу некъара чан ю.

6. Дама лоцучу хенахь кийра бахана даман тlера гlуьттуш хилла кlур бу.

7. Тlемабаьлла боьддушехь кийра иккхина хилла моза а, иштта цунах тера хlума а ю. 

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2021, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft