Шолгlа дакъа
Ламаз тlехьатеттина даран бехкамаш
Ламаз тlехьатеттина даран
бехкамаш шиъ бу:
1. Тlехьататта нигат
хила деза, цул хьалхарчу ламазан хенах и даллал йолу хан йисна а йолуш.
2. Шолгlаниг дина даллалц
йолучу юккъехь (тlеттаоза магийна долу) бахьана лаьтташ хилар.
Кхоалгlа дакъа
Ламаз дацдар
Ламазаш дацдаран бехкамаш ворхl бу:
1. Арабаьккхина
некъ ши мархьал (96 километар) беха
хилар.
2. Арабаьккхинарг хьанал некъ хилар.
3. Ламазаш дацдан мегий хууш хилар.
4. Ламазаш дlадоьхкучу хенахь дацдан
нигат хилар.
5. Дацдийриг диъракlат долу ламаз
хилар.
6. Ламаз дерзийна валлалца некъахь хилар.
7. Шен ламаз дуьззина дечу имаман тlаьхьа дихкина ца
хилар, мел кlеззигачу декъехь (ханна) дихкинехь а.