Шолгlа дакъа
Имаман тlаьхьавазаран бехкамаш
Имамана тlаьхьавазаран
бехкамаш цхьайтта ду:
1. Шен имаман ламаз доьхна дуйла билгал
ца хилар, хуьлда и ламаз керахь ца хилар а, я кхин долу муьлхха а бахьана.
2. Изза ламаз, доькхуш, (имам) юха дан дезаш
вукха, - аьлла, дог тешна ца хилар.
3. (Тlаьхьадоьхкуш волу имам
ша) кхечу имамана тlаьхьадихкина, ламаз деш ца хилар.
4. Фатихьа сурат деша ца хуучунна тlаьхьахlоьттина ца хилар.
5. (Шен имамал) хьалхатаьlна лаьтташ ца хилар.
6. Шен имаман хьалаохьатlеlарш гуш-хууш хилар.
7. (Хьалха ваьлла волу имам, цунна тlаьхьа ламаз
дихкинарг а) цхьана маьждиг чохь я герггарачу хьесапехь кхо бlе даларна юккъехь нислуш
хилар.
8. Я (имаман) тlаьхьа ваза аьлла, я
жамlатехь (ламаз дан) аьлла, нигат дина хилар.
9. Шиннена а ламазан къепе цхьана йогlуш, низам цхьана
догlуш хилар.
10. Цхьана суннатехь (имаман) тlаьхьавазарах куц
ирча дlацакъастар.
11. Цунна тlаьхьавазар.
Кхоалгlа Дакъа
Имамана тlаьхьабазаран тайпанаш
Имамана тlаьхьабазар исс
тайпа ду. Царех пхи тайпа нийса лору:
1. Стаг – стагана тlаьхьахlоттар а.
2. Стагана тlаьхьа зуда хlоттар а.
3. Калацlола стагана тlаьхьахlоттар а.
4. Калацlолан тlаьхьа зуда хlоттар а.
5. Зуда зудчунна тlаьхьахlоттар а.
Ткъа диъ тайпа тlаьхьахlоттар нийса ца
лору:
1. Стаг – зудчунна тlахьахlотар а.
2. Стаг - калацlолан тlаьхьахlоттар а.
3. Калацlола - зудчунна тlаьхьахlоттар а.
4. Калацlола - калацlолан тlаьхьахlоттар а.