Шолгlа дакъа
Ламазехь вицвелла юкъахдитича сужда дан догlу суннаташ
Вицваларна сужда дан догlу суннаташ ворхl ду:
1. (Шиннах) хьалхара этхьиг.
2. Хьалхара этхьиг деша охьахаар.
3. (Этхьиг дешча) пайхамарна (Аллахlера салават, салам
хуьлда цунна) салават диллар.
4. Тlаьхьарчу этхьигехь
Пайхамарин гергарчарна салават диллар.
5. (lуьйран-ламазехь,
рамазан беттан шолгlа эхангахь витран ламазехь) къунут-доlа дешар.
6. (Къунут-доlа доьшучу хенахь) ирахь
латтар.
7. Къунут дешна даьлча Пайхамарна а
(Аллахlера салават, салам хуьлда цунна), цуьнан гергарчарна а, цуьнан
асхьабашна а салават диллар.